ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Инцидент эккхийтина оьрсийнний, Iамерканний шина кемано


Москох, Вашингтон кеп-кепара хьоьжу дахначу кIиранах, шинарийдийнахь, Балтин хIорда тIехула оьрсийн тIелетарден кемий, Цхьанатоьхначу Штатийн иччархо-кемий дуьхь-дуьхьал хIоттарца доьзна иккхинчу инциденте.

Оьрсийчоьнан тIеман министраллан векала Канашенков Игора шоьтадийнахь элира, Iамеркан RC-135 кема гергадеанера Оьрсийчоьнан дозанашна, цундела иза сацон стигала даьккхинера шаьш CУ-27 кема, цо некъ хийцийтира Iамеркан пилоташка.

Ткъа Цхьаьнатоьхначу Штатийн тIеман министралло даржийна, шайн кема ца хилла доза дохон лерина, оьрсийн кемано, шайнчунна тIекхета кхерам а болуш, маневраш лелийра, аьлла. Пентагонан пресс-секретара Лейнез Эйлина дIахьедина, инциденто дипломатин протесте даьхна шаьш, аьлла.

Балтин регионехь агIонаша латточу тIеман ницкъашца доьзна гIоьртина ю Вашингтонан а, Москохан а юкъаметтигаш. Оьрсийчоьно оцу регионна бохьу кхерам юхабоккхуш, шаьш цигарчу пачхьалкхашца жигарайохур ю тIеман юкъарлонаш, аьлла, дIахьедина Скандинавин мехкаша кху кIиранах.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG