ТIекхочийла долу линкаш

Яхь йолчу къонахийн сий лардан бисинарш


Нохчийчоь - ТIеман муьрехь шайн байна доьзалхой лоьхуш хьийза зударий.

Нохчийчоь - ТIеман муьрехь шайн байна доьзалхой лоьхуш хьийза зударий.

Муьлххачу махкахь а бирзина тIом дагалоцуш, я цуьнан жамIаш деш дагалоьцу уггаре хьалха мостагIчунна дуьхьал лаьттинарш, мохк ларбеш эгнарш. Наггахь хьахабо тIепаза байнарш а. Амма дош шайх аланза буьсу Нохчийчохь лаьттинчу тIамашкахь байинчу а, байначу а къонахех бисина зударий.

Массо кIошташкахь, хIора юьртахь, хIора урамехь бу бисина зударий. Юхьанца нехан тергоне бовлу уьш, къахета царех нахана, амма хан-зама яьлча нехан а, Iедалан а тидамера бов, шаьш шайна, шайн берийн гIайгIанашца цхьаьна баха буьсу и зударий. Олуш ма-хиллара, неI дIачIаьгIча, арахь висинарг гергара вац.

20 шо ду Маряьн шен цIийнда цIаваре сатуьйсуш еха. 15 шо ду хабар доцуш Асетан хIусамда вайна. Азас керла хIусамаш дIахIиттийна, берийн да ша ларвечу юкъанна. Балха тIера вигина майра вийначу Тумишас шен дерриг а са чудиллина, кхиийна виъ воI.

Зударийн шийла, гIийла кхолламаш…

Замано чов ерзайо олу нахалахь. Ткъа иза бакъдац. Замано ца до дарба, цо Iамаво стаг шен лазамашца ваха.

Маршо Радиоца къамелдинчу оцу зударша, логе шад хIоьттина, белхар къурдашца а сецош, дийцира, цхьана дийнахь, цхьаьна сахьтехь, минотехь, шайн доьзалшна цIехьана, дагахь а доцуш, дуьне тIекхетарх лаьцна.

Исс беро а, Марьянас а лардо ШаIман цIавогIу де

Веданахь еха Батукаева Марьян. Оьрсийчуьрчу Волгоградан гIамар-аренашкахь шайн доьзална хьаннал рицкъ а доккхуш, жа лелош бехара церан боккха доьзал, коьртехь да ШаIман а волуш, цхьа ирча де тIедаллалц ...

Оха дийхира Марьянига, цунна дагалецамаша мел ницкъ бахь а, ма-дарра хIетахь хилларг дийцар.

Батукаева: «Тхо Волгоградехь Iаш дара хIетахь. Шен да-нана схьадало воьду ша аьлла, Ведана цIаваханера иза. Бутт, ши бутт бели юха ца вогIуш, корашна куьзга дуьллуш ву бохуш, цIенойн тхоьвнан шифер хуьйцуш ву бохуш, тхуна ца хоуьйтуш хиллера. Юха цигара кхуза баьхкинчу наха вайнчуьра берашка аьлла хиллера, шун да вайна. Юха со хатта яха цаьрга.

Суна новкъа деанера верасашна хууш дерг суна хIунда ца хаийтина-те аьлла. Сайн йиша берашца а йитина со Нохчийчу дIаяхара. Доьхна де дара и Iаламат. Лоьхуш лийлира, тахана а цуьнах яьлла йист яц. Кху аьхка 20 шо дузур ду».

Исс доьзалхо ву Марьянан - ялх йоI, кхо кIант. ЦIийнда дIавигале шаьш цхьана деха зама дагалоьцу цо кхин дIа къамелехь, шегахь байна боцу безам а ца хьулбеш, ларамца дуьйцу шен цIийндегахь баьхначу лаамех, дахаре хиллачу хьежамех лаьцна.

Батукаева: «Воккхахволчу кIентан 14 шо дара, жимчуьнан ши шо дара. Шена дас трактор Iамийнехьара, ша цу тIехь болхбийра бара, олура кIанта. Дас беза болх ца бойтура цуьнга, ша санна трактортIехь вуьссур ву хьо бохуш, школа яьккхина ваьлча деша вохуьйтар ву бохуш, кхоош лелош вара и.

Батукаева Марьянин доьзал

Батукаева Марьянин доьзал

Цул тIаьхьа а ши шо даьккхира оха Волгоградехь, хIинций-хIинций хабар хуьлу-кх, цIа вогIу-кх бохуш, тIаккха дог диллина, цIа даха деза вай, кхузахь Iийна дан хIума а дац аьлла, цIа даьхкира тхо».

Доьзал, доккхаха дакъа кегий бераш а долуш, тIехь да воцуш бисича, муьлххачу а дика махкахь Iедало шен куьйга кIел лоцу. Ткъа Марьян ша цхьаъ йисира шен берашца. Хилла цуьнан хIетахь 34 шо.

«Дуккха а доьзал дуьненчу-м баьккхинера кхо, хIинца и бераш мацалла далла, тIехь-когахь доцуш, хецна дитина-кх кхо», къацахетачаьрга шена тIехьашха аларна кхоьруш, Марьяна сема, напха леха ша ца кхоош, кхиадора шен бераш. Тахана яц иза оцу халачу гIаролера яьлла.

Батукаева: « Дела воцург накъост воцуш хене баьккхира ас доьзал, йоьдург дIа яхийти, кIенташна зударий балийна. Чуяха нехан санна хIусамаш яцахь а, цхьаццанхьа доьзалш дIа а тарбелла. Хала хан яьккхира. Бакъду, цхьа дика лулахо ву сан. Цо дукха гIо дина суна. ХIетахь туркх вара и юьртан, тхуна тIех даьккхина цхьанхьа сагIа ца долуьйтора цо».

Шераш дIаоьху, де дийне а тоьгуш. ШаIманан, Марьянин доьзалш кхиъна, йоьIарех хилла наной, кIентех - дай, амма хIумма а хийца ца делла Марьянин дахарехь. 20 шо хьалха санна, сатийсамашкахь, цIийнда хIинца-тIаккха неI сагIех чоьхьаволу бохуш, дегайовхонца еха иза.

Батукаева: «Дог ца диллина тахана а. Неханиг цIавеана, карийна аьлча, хьодий цига йоьду со. Тахана а бераша а да цIа вогIур волуш ву тхан олу. Тхан да цIахь велхьара ма дика охьахевшина хир дара вай олу. Дог диллаза Iа со. Цхьанхьа чувоьллина велахь, масане хуьлу вогIур вай и-м бохуш».

Бакъдац Марьян санна болу зударий дилхах кхоьллина бохург. Уьш, тешна а, болатах кхуллуш бу. Иштта ца хилча мичара болу царна тола ницкъ, лан цадаллал Iазап лан дезча?

Цкъа, цхьана буса хIоттийра УмаровгIарна жоьжахате

...Буьйса юкъал тIехъяьлча, юьрт дIатийча, адамашна кIоргга набарш кхетча, кхо сахьт даьлча, гобаьккхина къевлина лаьттачу керта тIехула бевлла лилхира ТIехьа-Мартанарчу Умарова АсетгIеран цIачу мостагIий. Ца елха а ца туьгуш, дагалоьцу цо ша а, шен доьзал а дийна боллушехь жоьжахате кхачийна бала.

Умарова: «Буьйсанна кхо сахьт даьлча дара и, тхо дуьйшина дара хIетахь, герзаш тIе а хьажийна уьш чулилхича. Дага деачи а ца йилхича цIа Iало со тахана. Ирча сурт дара, цхьанна ма гойла и де.

Суна сайн бераш дойур ду моьттара цара. Iадийнера тхо. Маьхьарий хьоькхуш бераша. Оцу юккъехула дIавигира сан берийн да. Ас телефон туьйхира РОВД, цIийнда вигина сайн аьлла, цара са ма гатде, неханиш а буьгу, схьавоуьйтар ву элира. Дукха лийхира оха, кара ца вира».

Дуьне даьккхина лийхира вашас ваша, боху Асета, оьрсийн эскарша бехк-гунахь доцуш вигина берийн да. Вайначун лорах кхетта, тахана-кхана хаза кхаъ кхочу шайга бохуш, марвашас дегайовхо латточу муьрехь, шаьш йина харцо кIеззиг йолуш санна, вешех хиллачун дуьхье кхиича, марваша а тIепаза войу Асетан.

Умарова Асетан доьзал (цIийнда дийна волуш)

Умарова Асетан доьзал (цIийнда дийна волуш)

Умарова: «ЦIийнда велла кхо бутт баьлча, марваша а вигира тхан дIа. Шен ваша лоьхуш, тIехьаваьлла лелаш вара иза. Ша тIехьакхиъна, хIиций- хIинций бохуш дегайовхо йолуш Iара тхо, тIаккха марваша а дIавигира тхан гIазакхийша. Молуш-узуш вацара, берашна дика да вара йижаршна-вежаршна дика ваша а вара, суна дика цIийнда вара».

Ца хаьттича ца Iийра тхо Асете а, хIун хьоьху цуьнан даго? ВогIур ву боху цIа берийн да, я боху дог дилла.

Умарова: "Дог-м ца диллина ас. ГIенах го тхуна сих-сиха, цундела дог тешаш Iа-кх. Хуур ду-кх!»

Бобераш хилира мухIажирех

Соьлж-ГIалара ю Муртазова Аза. Нохчийчохь шолгIа тIом боьдучу шерашкахь мухIажариш хилла ГIалгIайчу дехьадаьллера къона дай-наний Азий, Рашиддий, шайн шина бераца. Рашидан жимахволу ваша кхеран ненаца гIаличохь сецнера. Шен нанна са хьаьвзина ГIалгIайчуьра вогIуш хиллера Рашид Соьлжа-ГIала, Окружной олучу меттехь еха нана ган.

Азас дахначу шерашка юха а хьоьжуш дуьйцу, цхьана дийнахь цкъа а ца моьттачу кепара хийцаделлачу шен дахарх лаьцна.

Муртазова: «Cуна цкъа а ца моьттара, дахарехь ишта нислур ду а, сайн цкъа а борша стага дан деза гIуллакхаш дан дезар ду а. Делахь а тIехIоьттинарг дIа ца кхехьча а ца долу. Берийн да вигира сан шолгIа тIом дIабоьдучу хенахь.

Тахана а цунах хилларг хууш дац тхо, я дийна ву я вац. ТIехьадоьвлла ца лоьхуш меттиг ца битира, амма яьлла йист яц тахна а. ГIалгIайчохь мухIажариш хилла дIадахана Iаш дара тхо. Шен нана ган цIа веанера иза. Цхьана дийнахь дуьне дуьйхира суна, цIийнда дIавигира, цIенош дохийра. Цул тIаьхаь ГIалгIайчохь Iийра тхо болх беш, цIа ян цIа а доцуш».

Муртазова Аза а, цуьнан кIант Iайнди а

Муртазова Аза а, цуьнан кIант Iайнди а

Кхин дIа дийцира Азас цIийнан дукъ шен белшаш тIехь дисина цхьалха ша йисича, куьйгаш охьа ца дохуьйтуш, доьзал нийсачу новкъа баккхарх а, тIамо дохийна цIа, хьаькхна дIа а даьккхина, цуьнан метта ща дIахIоттийначу цIенох лаьцна а.

Муртазова: «Цхьана а ненан шен берашка кхочуш хIума хир дац. Цу берашка айхьа дешийтича, уьш нийчачу новкъа баьхча, эццахь паргIатйолу хьо, хьажахь, уллехь накъост вацахь а, ди-кх ас и, да дели-кх соьга, олий.

Сан йоккха Iалашо яра, кIант доьшуш Орел гIалахь вара сан, ГIалгIайчуьра цIа даькхкичхьана тхо сан денцIахь Iаш дара. КIантана товш ца хетара воккха мел хуьлу ненахойн баьрчехь. Шен да ваьхначу керта ван лаам бара цуьнан.

Юха а дагахь хуьлура суна, кхана-лама берийн да цIа веача, тхо дог диллина ма даций цуьнах хIинца а, кертахь даьлла къух, йоьхна керт-ков гича дог духур ду-кх цуьнана, цIенош дина, тхо ков-керт сирла а даьккхина Iаш хилча, цуьнан а самукъадера ду, олий хетара.

Сан коьртехь ойла яра, цIенош дан. Йоьдуш-йогIуш нехан цIенош бен гуш хIума а дацара суна. ЦIенош дина, тхо чу а девлла, кIант цIа а веана чоьхьа валча соьга элира цо, мама, къар-м ца ели хьо хIара цIено ца дича. И-ду-кх ирс!

Адамашлахь хьаннал ларочу кепехь ша шен доьзална хьалха декхарш кхуочушдина аьлла хета Азина.

Муртазова: «ХIинца сунна дезарг хIун ду аьлча, иманчохь йолуш, со чуеача йина яахIума а йолуш, суна хьалха чай а хIоттощ, чохь хьийзаш беркате нус езара суна. Кхин даккхий хIуманаш ас ца доьху Деле. Со балхаца а ю, айса мел дийриг сан берийн дуьхьа ду, уьш могаш-ирсе хилча, сайн декхар айса кхочудина аьлла хета-кх суна а».

Тхан программин турпалхой Марьян, Асет, Аза а сатийсамашкахь бехаш бу, хIунда аьлча тахана дац церан цIийдайн кешнийн баьрзнаш. Цундела дог ца дуьллуш, шераш мел дIаэхарх а гIел ца луш, шайн доьзалшна хехь лаьтташ, шиннан меттан, ден-ненан декхарш кхочушдеш схьабогIу уьш.

ТIехь да а воцуш, тоьлла виъ кIант кхиийна Тумишас

Ткъа Веданарчу Аюбова Тумишин кхоллам къаьсташ бу кхечерачех. Цуьнан яц сатуьйсийла, Абусолта, цуьнан хилла цIийнда, гIазакхаша лаьцна вигина, чохь-тIехь йиттина хIаллакхвина, схьавеллачул тIаьхьа, цуьнан бIаьргаш хьалхха дIаваьлла.

Шераша ерзоза чевнаш карлаехира оха цуьнан, телефон тоьхна.

Аюбова: «Iуьйрана шен балха вахана волу и, белхан меттига уллехь цхьа эккхар хиллера, сан бIаьргашна хьалххара дIа вигира гIазакхаша. Деа беран да вара. БIаьрзе къена шен нана лелош, да лелош вара. Эцца дIавигарх, етта а йиттина, схьаваийтинера, 6-7-чу дийнахь велира.

Бехк-гунахь доцуш и вен а вийна, массарна а и хуш ду, маIаршна бухахь раствор йолуш, болх бечара лаьцна дIа а вигина, хIаллаквина. Iедале ваьлча а, мичча ваьлча а, пенсии доцург кхин гIо а доцуш дисира тхо. Тахана а тхоьгахь цуьнан докъанан даьхна суьрташ ду, цара йиттина талхийна, ах шо а хир дац кехаташ суьде чу деллера ас, тоьшаллаш тоъал дац аьлла, тергал ца ди».

Аюбова Тумиша а, цуьнан виъ воI а

Аюбова Тумиша а, цуьнан виъ воI а

ЦIийнда воцуш, берашца байлахь йисина, кхин дIа дахарехь ша биттина лол бийцира Тумишас тхан хиллачу каъамелехь.

Аюбова: «Цул тIаьхьа бераш лело дезара, ков-керт, цомгаш марнана, хала денош ма даьхкира, делахь а нехан дикаллийца, берийн дехоша, лулахоша, юьртахоша, гIо а дина, цIенош хьалахIиттийра, массо орцахбевлла чу даха хIусам йира тхуна.

Чохь яа йоцуш ма дисара, школе боьлхуш кога юха мача йоцуш а ма буьсура, ишта хан яьккхина оха. Тахана бераш дешна девлла, шайн-шайн белхан меттигаш дIа а лаьцна беха, суна гIо а хуьлу цаьргара. Аттачу яьлла со хIинца».

Шен хIусамда Абусолта юьртахь а гIараваьлла вара боху Тумишас шен оьзда хиларца, комаьршаллица, юьртахь хьанна а гIо эшначу хенахь, даима кийча вара боху цо гIоьнна гIатта а. Юьртахойн тоьшаллаш шена а, доьзална а доккха дозалла хета.

Аюбова: «И санна оьзда, комаьрша, нехан гIуллакхе хьожуш стаг хилла а хир вац олий, юьртахоша ишта цуьнан мах хадабар, дозалла ду сан а, берийн а. Дага а вогIу, даима вийца а вуьйцу чохь бераша, хьехош бIаьргара хи а долу. Цхьаъ цуьнгара даьлла, дуьхьал вийнехь, иштта халонга а дера дацара».

Тхан къамел хиллачу хIора а хIусамнанас дозаллийца билгалдоккхура, шайн цIийндай яхь, доьналла, оьздангалла йолуш нах хилар.

Ткъа ярий йиш иштачу къонахийн ца хилча и тайпа тешаме хIусамнаной?

Цкъа шайн доьзал кхоллабеллачу дийнахь кхерчахь латийна цIе ца йойтуш, кху дийне баьхкина, шайн доьзалшна гIаролехь лаьтташ, шайца йолуш къонахчун яхь, шайн доьзалийн сий лардан.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG