ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIажарийчоьнна С-300 йохка бакъо елла Путина


ГIажарийчоьнна С-300 олуш йолу зенитан-ракетийн комплексаш йохка бакъо елла Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира. Цуьнан указаца а догIуш, дIадоккхуш ду и ракеташ йохкар сацийна долу дехкар. ХIинца С-300 олу системаш дIакхачо бакъо ю ГIажарийчу кеманашца а, машенашца а, хикеманашца а.

2007-чу шарахь Оьрсийчоьно барт бинера ГIажарийчоьнца С-300 олу ракетйин системаш йохка. Цуьнан мах бара 800 миллион доллар. Амма 2010-чу шарахь Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацино ТехIранна дуьхьал санкцеш кхайкхор бахьана долуш оьрсийн а, гIажаройн а контракт кхочуш яр сацийнера. Цу тайпа омра делларг вара цу хенахь хилла волу президент Медведев Дмитрий.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG