ТIекхочийла долу линкаш

"Исламан пачхьалкх" тобано дIалаьцначу латтанан доьалгIа дакъа маьрша даьккхина Иракъехь


Iамерко куьйгалла дечу коалицино тIеман кампани йолийначул тIахьа «Исламан пачхьалкх» олучу тобанах маьрша даьккхина цо дIалаьцначу территорин диолгIа дакъа. Цунах лаьцна дIахьедар дина Пентагонан векло полковнико Уоррен Стива.

Цо дийцарехь, цу тIамехь кIоргга хийцам хилла ала хьалхе ду, амма, коалицин тIеман кеманаша тохарш а деш, Иракъан эскарша дикка зе дина тIемалошна. Исламан пачхьалкх шех олучу тобано йоккха территори дIалаьцна Иракъан къилбаседехь а, малхбузенехь а стохка Мангал-баттахь.

XS
SM
MD
LG