ТIекхочийла долу линкаш

Ша бехказа хилар гайта дагахь ву Дадаев Заур


Немцов Борис верне бехке лоруш волу Дадаев Заур реза хилла харц дерг дийцар толлу детектор олучу машенах чекхвала. Цу кепара иза Iалашо йолуш ву ша бехке цахилар гайта, бохуш яздо Коммерсант газето. Харц дерг дийцаран детекторх чекхвала аьлла Дадаевна хьехар динарг ву цуьнан керла адвокат Цакаев Шамсудди.

Шаьшшиъ дуьххьара цхьаьнакхетча Дадаевс дийцина шен адвокате ша Немцов вер тIелаьцна шена ницкъ бар бахьана долуш аьлла. Москох «Къилбаседа» батальонан петарехь а вехаш, болх лоьхуш вара ша бохуш чIагIдо Дадаев Заура. Немцов Борис вийна Чиллан-беттан 27-дийнахь хан яьллачу хенахь Москох юккъехь. И зулам дина аьлла Дадаев воцург лаьцна ву кхин а 4 стаг. Уьш берш нохчий бу.

XS
SM
MD
LG