ТIекхочийла долу линкаш

Шозза дукха ахча даьккхина дIадаханчу шарахь Путин Владимира


Шозза дукха ахча даьккхина дIадаханчу шарахь Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира. Цуьнан барам бу 7 миллион 650 000 сом. Иза гойтуш ю Кремлан сайт тIехь зорбане яьккхина йолу Путинан деклараци.

Цу декларацица а догIуш, Путин Владимиран долахь ду 1500 йиъкIов метр латта а, 77 йиъкIов метр петар а, гараж а. Цул сов цо пайда оьцуш ю 154 йиъкIов метр кхин цхьа петар а. Путинан кхо машен а ю - ГАЗ М21 а, ГАЗ М-21-Р а, Нива а.

Цхьа шо хьалха Путин Владимира шозза сов алсамдаьккхира шен а, Медведевн а, кхин а цхьаболчу Iедалхойн а алап.

XS
SM
MD
LG