ТIекхочийла долу линкаш

Google-на гIуда тоха мега Евроберто


Евроберто бехке йина Google конкуренцин бакъонаш йохорна. Европан бертан векалшна хетарехь, цу компанино хьалхатоьттуш хилла ша арахоьцу сурсаташ. Еврокомиссаро Вестагер Маргарета дийцарехь, уьш синтем байна бу цхьа хIума лохуш уггаре а хьалха Google шен сурсаташ гойтуш хиларна.

Цул сов, Евробертан векалша дийцарехь, Google кхоьллина йолчу Android олу операцин системан хьокъехь а болийна цара леррина таллам. Нагахь Google низам дохийна меттиг хилар гучудалахь цунна гIуда тухур ду 6 сов миллиард доллар барамехь.

XS
SM
MD
LG