ТIекхочийла долу линкаш

Герзаш деттар соцуш дац Донбассехь


Донбассехь тIаьхьарчу дийнахь-бусий 28-зза герз тоьхна сепаратисташа Украинин эскархой дIатарбеллачу меттигашка. Шинарин дийнахь Украинин Iедалан а, Донецкан халкъан республика олучу тобанан а, Луганскан халкъан республика олучу тобанан а векалша дакъа а лоцуш хилла йолу видеоконференци дIайирзина цхьа а жамI доцуш. Цуьнан декъашхоша вовше бехкаш дехкира герз деттар дац аьлла бина барт бохорна.

Донбассехь конфликт йоьдучу зонехь машарбархой дIатарбан лууш ю Киев. Ткъа Оьрсийчоьнехьа болу сепаратисташ дуьхьал бу цунна. Украинин Iедалийн а, сепаратистийн куьйгалхойн а аьтто цаболу йийсарехь болу нах хийца. Минскехь динчу маслаIатца а догIуш, верриг а йийсаре лаьцна волу стаг дIахеца везаш ву.

XS
SM
MD
LG