ТIекхочийла долу линкаш

Малхбузено дикачу агIор тIеэцна Оьрсийчоьно а, Украино а герзаш деттар сацош яьхна хьалхара гIулчаш


Малхбузено Оьрсийчоьнна дуьхьал кхайкхийна санкцеш дIайохур ю, нагахь Москохо Минскехь динчу маслаIато бохург кхочуш а дахь, Украинин суверинитет лара а ларахь. Цунах лаьцна дуьйцуш ду Кхаарин дийнахь Германерчу Любикехь цхьаьнакхеттачу Джи-7 олучу тобанна юкъайогIучу 7 пачхьалкхан арахьарчу гIуллакхийн министрша тIеэцначу коммюникехь.

Министрша реза хиларца тIеэцна Оьрсийчоьно а, Украино а герзаш деттар сацош яьхна хьалхара гIулчаш. Цуьнца цхьана цара билгалдаьккхира дисинарг а сихха кхочуш дан дезаш хилар.

Джи-7 тобан арахьарчу гIуллакхийн министршна хетарехь, Оьрсийчоьно ша сепаратисташа лоруш хиларх пайда а эцна Iаткъам бан беза цаьрга бина барт кхочуш бойтуш.

XS
SM
MD
LG