ТIекхочийла долу линкаш

Ах гергга оьрсийн цхьа а хаттар дац Путине дала


Ах гергга Оьрсийчура бахархоша дIахьедар дина, президенте Путин Владимире цхьа хаттар дала лаам бацара шайн аьлла. Ткъа Путина телевизионехула жоьпаш далар хьалххе кечдина моттаргIане гайтам бара аьлла хета царна. Цунах лаьцна яздо Коммерсант-газето, «Общественное мнение» олучу талламан фондана тIе а тевжуш.

Цу фондан президенто Ослон Александра дийцарехь, Путине хаттарш дала лууш боцу нах бу иза цавезаш болу нах а, шайн проблемаш Путин кхочуш ян езаш яц аьлла хетарш а, шайна луучах лаьцна хаттар хIотто ницкъ боцурш а.

Ткъа уьш бу талламехь дакъалаьцначерах 46 процент. Эксперташа дийцарехь, Оьрсийчура бахархошна кIордийна хIора шарахь хуьлуш йолу Путина дакъалоцуш дIахьош йолу хаттаршна жоьпаш луш йолу программа.

XS
SM
MD
LG