ТIекхочийла долу линкаш

Iамеркин Армин эскархой баьхкина Украине


Украине баьхкина Къоман гварди Iамо Iамеркин тIеман инструкторш. Iамеркин Армин майоро Мендес Хосес дийцарехь, цара Украинин салттий а, эпсарш а Iамор а бу, тренингаш а йийр ю, уьш тIом бан Iамош.

Iамеркахой Украине кхачаро Донбассера хьал карзах доккхур ду аьлла хета цу хьокъехь Оьрсийчоьнна. Цунах лаьцна дIахьедар дина Оьрсийчоьнан президентан зорбанан секретаро Песков Дмитрийс.

Хьалхо Украинин чоьхьарчу гIуллакхийн министро Аваков Арсена хаам бира, тIеман тренингаш дIаюьйлалур ю Лвов областехь кху беттан 20-чу дийнахь аьлла. Уьш дIахьош дакъалоцуш хир ву Украинин Къоман гвардин 900 эскархо а, 290 Iамеркера тIеман-хIаваан ницкъийн эскархо а.

XS
SM
MD
LG