ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Царнаевна вен кхел ярна дуьхьал ду цо вийначу кIентан да-нана


Бостонехь эккхийтар дича вийначу кIентан дас-нанас кхайкхам бина Iамеркин Iедалшка, Царнаев ЖовхIарна вен кхел маяхьахьара аьлла. БархI шо хилла Ричардс Мартин цхьаъ ву 2013-чу шарахь Охан-баттахь Бостонехь ши эккхийтар дар бахьана долуш вийначу кхаа стагах. Цуьнан доьзало динчу дIахьедар тIехь дуьйцуш ду, Царнаевна вен кхел яхь, латкъамаш беш кхин дIа а дахлур ду цунна кхел яр, ткъа цу гIуллакхо чакхе йоцуш юх-юха а дагатуьйсуьйтур ду шайна уггаре а дахарехь хилла кIиза де аьлла.

Даханчу кIиранах бехккъасторхоша бехке лаьрра Царнаев, Iалашо а йолуш, адамаш дайарна. Шинарин дийнахь кхело къаcто долор ду цунна таIзар дарца доьзна хаттар.

Ричарсон Мартинан дас Билла а, цуьнан нанас Денизас а шайн дIахьедар дина ПIераскан дийнахь Boston Globe газетехь. Бостонехь динчу лелхийтаршкахь байинчу кхечу нехан гергарнаш лууш бу Царнаев ЖовхIарна вен кхел яйта.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG