ТIекхочийла долу линкаш

6116 стаг вийна Украинерчу конфликтехь


2014-чу шеран Охан-беттахь дуьйна Украинин малхбалехь хиллачу конфликтехь 6116 стаг вийна, 15 474 чевнаш йина ву аьлла хаам бина Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохаралло. Цу организацин адамийн бакъонашкахула йолчу урхаллин зорбанан секретаро Шамдасани Равинас дийцарехь, и терахьаш герггарчу хьесапехь ду.

Баккъалла а долу терахьаш кхин а лакхара хила мега аьлла хета цунна, дуккха а нах байна лоруш болун дела. Цул сов бIеннаш декъий ду хIинца а хьена ду цахууш латтош. Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин векло билгалдаккхарехь, Донбассерчу конфликто Iаткъам бо берриг а махкахь бехачу украинахойн дахарна.

XS
SM
MD
LG