ТIекхочийла долу линкаш

Азербайджан - тутмакхийн мохк


Азербайджан нийсоне кхайкхар доьху ХIюмен Райтс Вотч цIе йолчу дуьненан юкъаралло, оцу пачхьалкхо «тIеIаткъамбеш а, набахте хьийсийна а дукха нах хилар» юьхьара оьцуш. Бакъоларъяран юкъаралло оршотдийнахь видео яржийна тIаьххьарчу беттанашкахь Азербайджанан Iедало махкара жигархой, журналисташ лоьцуш гойтуш. И таIзарш даржийна Iедало Бакох кху аьхка хила дезачу Европан спортан ловзаршна кхерамзалла кечйо бохучу бахьанийца.

«Нагахь санна шена критика ярна чубоьхкина нах Азербайджанан Iедало набахтешкара ара ца бовлийтахь, спортан ловзаршка шайн делегацеш гIур йоцийла хаийта деза Европерчу лидерша», - боху шен дIахьедарехь ХIюмен Райтс Вотчо. Политика бахьанехь лецна кхобу Бакох жигархой Юнус Лейла а, цуьнан майра Ариф а, Маршо Радион корреспондент Исмаилова Хадижа а, бакъоларъярхо Алиев ИнтихIам а, кегийрхойн жигархо Джафаров Расул а, кхиберш а.​

XS
SM
MD
LG