ТIекхочийла долу линкаш

Кавказ Имаратан эмир Кебеков вийна


Оьрсийчоьнан Iедало а, цунна дуьхьаллаьттачу интернетерчу кавказхойн сайташа а дечу тоьшаллица, хаамбо гIаттамехь йолчу Кавказ Имаратан амир Кебеков Iелаасхьаб верах лаьцна. Террорна дуьхьаллаьттачу комитето а дIахьедина оршотдийнахь, шен ницкъаша вийначу кхаа амирашлахь Кебеков а ву, аьлла. КIиранан сарахь эскарша шаьш гобинчу Буйнакскана гергарчу Гирей-Авлак юьртарчу цIентIе герзаш а диттина, операци Iуьйране яьккхира. Херцарлахь карийна пхи дакъа.

Байинарш бу, Имарат амир воцург, Дагестанерчу шина кIоштан амир а, ши зуда а. Оццу хьостано бинчу хаамца, герзаш кхийса дуьйладале цIенчуьра арадаьккхина жима бер, ши зуда реза ца хилла араяла. Шовзткъе кхоъ шо кхаьчна Кебеков Абуасхьаб Iеламча вара. Стохка хаьржира кхелхинчу Кавказан Имаратан амиран Умаров Доккин метте. Амир верах а, цуьнан метта мила харжа тарло бохучух лаьцна оха алсамо дуьйцур ду тIаьхьо.

XS
SM
MD
LG