ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

950 стаг чохь волу кема хи буха дахана Италин бердашца


Итали --ХитIехь хилла бохам, 19Оха2015
Итали --ХитIехь хилла бохам, 19Оха2015

ХIора кIиранахь бIеннаш адамаш ле, Африкера Европе кхача гIерташ хIурда чу а боьлхий. КIирандийнахь Лаьттаюкъарчу хIурдалахь хIурдакема тIекIелдаьлар бахьана долу велла мел кIезга а 700 стаг. Амма и бохамаш мел инзаре белахь а, Евробертан мухIажаршца йолчу политикехь хуьлуш хийцам бац.

Цхьаьна агIор мухIажарш Европе ца кхачийта гIерташ, дела денна керла низамийн новкъарлонаш юккъе йохуш болу, амма вукху агIор оццул дукха адам далар кхин дIа тергал ца деш Iен йиш йоцу Малхбузерчу политикаша хIинца рогIера дийцаре даьккхина, эзарнашкахь Африкера хIурдахула Евроберта кхача гIертачу гIаддайначу нахана хIун дан деза боху хаттар.

Дахана кIира долалуш дара Лаьттаюкъерчу хIурдалахь бохам а хилла, 400 сов мухIажар хи чу а вахана велча. Амма я телевизионашкахула а, я газетийн хьалхарчу агIонашкахь а башха даздина ца дийцира цунах лаьцна, беккъа масех могIа бара массанхьа а базбинарг, керлачийн декъехь.

КIирандийнахь официала хааршца 700 сов, ткъа дийнабисинчу тешийн дешнашца, мел кIезга а I000 мухIажар чохь волу хIурдакема тIекIел далар бахьана долуш хиллачу тIаьхьарчу иттанаш шерашкахь хиллачех уггаре йоккха катастрофа хиларо, эххар а самабаьхна ала мегар ду Евробертан куьйгалхой.

Даима а ишттачу хьелашкахь хуьлуш ма-хиллара, уьш массо а, цхьаъ вукхунна тIехь, шайн инзарбовлар, шайна цунах хуорам хилар а кхайкхош бу интервьюшкахь а, дIахьедаршкахь а.

Иштта немцойн канцлеран Меркел Ангелин векал волчу Зайберт Штефана дийцира журналисташка, Германин куьйгалхо вуно вас хилла а ю, и санна болу бохам кхин ца хилийта гIулчаш яха езаш хиларх тешна а ю, аьлла.

Бакъду, Германин арахьарчу гIуллакхийн министр волу Штайнмайер Франк-Вальтер, хилларг шена халахета бохуш чIагIдеш велахь а, бехк Евробертана тIера дIататта сихвелира Люксембургехь Цхьаьнакхеттачу Европерчу пачхьалкхашкара шен коллегашца цхьаьнакхетарехь. «Дукхаъчарна хIинцале а бехкенарш карийна, цхьаболчарна моьтту Евроберто тоъалла болх ца бо и проблема дIаяккхархьама. Амма уьш, суна хетарехь, кхета беза, тхуна хьалха лаьтташ берг мел боккха болх бу бохучух“, - элира цо.

Бакъду, немцойн арахьарчу гIуллакхийн министро ца хьахош дитира, Евроберто мухIажарш шайна дозанна тIе ца кхачийтарна хIора шарахь мел даккхий ахчанаш дойъу бохург а, ткъа хIурдалахь бохамаш а ловш, леш болу нах кIелхьарабахарна хьажош хилла долу ахчанаш тIаьхьарчу шина шарахь мел лахдина бохург а.

Иштта цуо ца хьахош дитира, Италино массийта шарахь бекъа шен ницкъашца иттанаш эзарнаш мухIажарш хIурдан бохамах кIелхьарабаьхна хилар а, Евробертера кхин хуьлуш гIо а доцуш.

Масала, Mare Nostrum аьлла цIе тиллинчу леринчу операцехь дийна шарахь италхойн Iедалша Лаьттаюкъерчу хIурдалахь лечуьра бехира 80 эзар герга Африкера хIурдакеманашца Европе кхача гIерта мухIажарш. ХIетахьлерчу италхойн премьер-министро Ренци Маттеос элира цу хьокъехь: „Лаьттаюкъера хIорд адамийн кешнаш хилла дIахIоттийта бакъо яц вайн. Евробертан бакъо яц, шена и бохам ца гуш санна Iе“,- аьлла.

Амма Евроберто цу Mare Nostrum программина кхин гIо дан а ца тигина, Италин иза дIакъовла дийзира. Цунна метта Евроберто, шен агIор, цхьа кхин программа юккъеяькххира, мухIажаршна орца кхачорна метта царех Евробертан хIурдан дозанаш кхин а чIогIоха лардан хьажийна йолу, Фронтекс аьлла цIе а тиллина. ХIетахь дуьйна кхин а алсамох мухIажарш хIурдалахь хуьлучу бохамашкахь хи чу а бахана, кхелхира.

Ткъа хIун ду-те Машаран Нобелан совгIатан да йолу, адамийн бакъонаш а, адмаллин мехаллаш а сел язйина юйьцучу Евробертан пачхьалкхаш эзарнаш нах хIурдалахь леш хилар сел атта тIеэцаран бахьана? ХIунда ца сихло-те Цхьаьнакхеттачу Европин куьйгалхой адамаш кIелхьарадаха?

Политологна Асхабов Хьамзатна хетарехь, цуьнан масийта бахьана ду, амма коьртаниг – экономикца доьзна дерг ду. ХIунда аьлча, Европера экономикан хьал хийцаделла тIаьхьарчу шерашкахь, ткъа цуьнца цхьаьна- тIеоьхучу нахе болу хьежамаш а.

Асхабов: „И нах Евробертахь хьалха тIеоьцуш хиларан бахьанех цхьаъ дара, кху Малхбузерчу экономикана белхан куьйгаш оьшуш хилар. Кхузахь къонаниш кIезга а болуш, пенсихой алсам а болуш хьал дара. Амма тIаьхьарчу хенахь Европерчу пачхьалкхашкара, масала, Румынера я Полшера белхахошна кхечу, кхиинчу мехкашкахь болх бан бакъо Евроберто еллачул тIаьхьа, и генара схьаоьхуш болу мухIажарш кхин оьшуш бац. Европана санехь ду гергарчу, Малхбузерчу мехкашкара болх бан а богIуш, цул тIаьхьа шайн цIа а боьлхуш болу нах тIеэцар, генара схьаоьхуш болу мухIажарш Iалашбечул а“.

МухIажарш эзарнашкахь хи чу а боьлхуш баларца Евробертан куьйгалхой сел бендоцуш хилар, политологна хетарехь, уггаре а хьалха Европано дуьненна а дIакхайкхош йолу мехаллаш цо ша уггаре а хьалха хьоьшуш хиларан тоьшалла ду.

Асхабов Хьамзат: „Цо гойту, дуьненна а ша кхайкхош йолу мехаллаш Европано ша тергалъеш ца хилар. Дуьненчохь и мехаллаш йовш хилар а, адаман дахар кхин сийлахь ца хилар а. Массо а адам цхьатерра бакъонаш йолуш ду бохуш йолу европахойн мехалла мехаза йолу, нагахь санна цунах Европина кхин дIа са а йоцуш, зе хуьлучу хьал даьлча. И хIума вайна массо а меттехь гуш а ду карарчу хенахь“.

Цу юкъана, хIара материал эфире кечйечу ханна гучудаьлла, кIирандийнахь Лаьттаюкъерчу хIурдалахь хи чу а бахана, беллачу мухIажарийн терахь 950 стаге кхочуш хилар. Бохам лайначу хIурда кеманна тIехь хиллачу эзар герга стагах дийна кIелхьараваьккхинарг 28 стаг бен вац. Иштта орцакхачорхошна хIинцалца схьа хIурдалахь схьакарийнарг 24 дакъа бен дац.

Хетарехь, даханчу шарахь италхойн премьер-министр Ренци Маттео кхийринарг хилла даьлла – Лаьттаюкъерчу хIорданах адамийн цхьа доккха цIе йоцу каш хилла.

XS
SM
MD
LG