ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчоьнна зе хилла


Оьрсийчоьнан премьер-министра Медведев Дмитрийс шинарийдийнахь дIахьедина, пачхьалкхан экономикана 25 миллирд долларна зе хилла Малхбалено тIаьххьарчу баттахь юкъаяьхна санкцеш бахьанехь, ткъа и зе маситтаза дукха хир ду дерриг шо дийца даьккхича, аьлла. Европан Берто а, Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташа а ГIирмий, Донбассий бахьанехь еттачу санкцеший, мехкдаьттан мах байбаларой Оьрсийчоьно шарахь оьцу пайда шина процентна лахбина, бохура Медведевс. Нагахь санна «арахьара беш болу тIеIаткъам бахлуш нислахь, мехкдаьттан мах лахлуш латтахь», Оьрсийчоьнна, экономикан хьелашка хьаьжжина, юкъ ехка дезар ду, элира Медведевс.

XS
SM
MD
LG