ТIекхочийла долу линкаш

300 Iамеркара десантхо ву Украинехь


Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийнний, Украинанний эскарша юкъара Iамораш долийна мехкан малхбалехь. Iамеркара 300 десантхо веъна дахначу кIиранах Украине, цара говзалла йовзуьйтур ю шайн меттигерчу 900 эскархочунна а, шайн лаамехь мохк Iалашбечу ницкъашна а. Донбассна эзар километр юьстаха дIадоьлху Iамораш.

Оьрсийчоьно шен резаяцар дIакхайкхош даржийна, Iамеркан эскарш Украине кхачаро бохабо дуьнентIера машар, некъ буьллу цигахь Штатийн эскарш даржарна, аьлла. Барак Обамин администраци ларло Украине ша хьажочу гIоьнехь нах бойу герз нисдаларх, ткъа кхузткъе пхийтта миллон доллар бу цига хьажочу кхечу тIеман гIирсийн мах.

XS
SM
MD
LG