ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчоьнан Газпром-компани бехкейо


Юккъерчу а, Малхбалерчу а Европехь шена тоьлла хьелаш хиларх пайда а оьцуш, йохк-эцаран низам талхорна Оьрсийчуьра газ юхку Газпром-компани бехкейина Евробертан антимонополин урхалло, хьал шина шарахь теллинчул тIаьхьа. Оцу хьукматан комиссара Вестагер Маргретас дIахьедина кхаарийдийнахь: «Харцонца, арахьарчу конкуренцино нисъен дуьхьалонаш дIа а йохуш, кхачайо газ Юккъерчу а, Малхбалерчу а Европе, аьлла го тхуна».

Газпромо бухбоцуш ду боху иштта шега бехкбаккхар. Ша болхбечу мехкашкахь ша «ма-оьшшу лардо дуьненаюкъара а, Оьрсийчоьнан а низамаш», боху деллачу жоьпехь Газпромо. Шегара эцна газ кхечу мехкашка кхачор доьхку Газпромо Болгарина а, Чехина а, Эстонина а, Венгрина а, Латвина а, Лутувана а, Полшина а, Словакина а, иза ца догIу низамца, боху Евробертан антимонополин урхалло.

XS
SM
MD
LG