ТIекхочийла долу линкаш

ОвхIанистанерчу тIалибаша кхерамаш туьйсу


ТIедогIучу пIераскандийнахь долор ду шаьш хIора бIаьста долош хуьлу тIелетарш, аьлла дIахьедина ОвхIанистанерчу тIалибаша. Электронан зIенашкахула ТIалибано боху, ша оцу дийнахь Iуьйранна, 5 сахьт даьлча, болор бу тIемаш «тIебаьхкинчу оккупанташца а, церан тIеман базанашца а». Иштта, лерина бу тIалибаш шайн мехкан эскаршна а, хьаькамашна а, полицина а дуьхьал тIемаш болон.

ОвхIанистанера Атлантикан тIеман альянсан дукхаха дакъош биъ бутт хьалха дIадахчхьана тIалибашна шаьш дуьхьаллаьтта цигара эскарш. Ткъа бухара ницкъаш Iамо севццачу арахьарчу эскарша ца бо тIалибашца тIемаш, уьш овхIанхойн эскарш Iамош севцца ду цигахь.

XS
SM
MD
LG