ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Эрмалойн бохамах "геноцид" ала сиха яц Вашингтон


Туркойчохь Iосмалойн импери лаьттачу муьрехь, б1е шо хьалха, эрмалой байар «геноцид» бохучу кхетаме ца дуьллуш соцу ша, дIахьедина Вашингтоно. КIайчу цIийно бечу хаамца, президентан Обама Баракан администрацин куьйгалхо Макдоноу Дэнис а, президентан хьехамча Родс Бен а цхьаьнакхетта шинарийдийнахь Iамеркарчу эрмалойн хьалханчашца. Цара дагалаьцна яхначу заманахь Туркойчохь 1 миллион ах миллион адам а дуьйш беана хилла мур.

Iамеркарчу Эрмалойн къоман комитетан директора Абрамян Арама даржийна, шайна хаийтина шайца къамел диначара, Обама Барака ша пIераскандийнахь эрмалойн трагеди хьахош ден долчу къамела юкъа далор дац «геноцид» дош, аьлла. Цхьа эзар исс б1е пхийттолг1ачу шарахь Туркойчохь эрмалой байар а, махкахбахар а «ма-дарра ца тидаро халчу хIиттадо тхо», бохура Абрамяна. Эрмалой Iосмалойн империн заманахь Туркойчохь лаьттинчу тIамехь белла, динан башхалла бахьанехь ца байъина бохучу тIехь ду таханлера туркойн Iедал

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG