ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шема йоьдучун маре дохийна низамхоша


Нохчийчоьнан Хьалха-Мартанарчу кIоштера 18 шо долу Ойсаева ПетIамат лаьцна ГIебарта-Балкхарайчуьрчу полисхоша. Цуьнан Iалашо хилла, Iедало бечу хаамца, кеманца Туркойн махка а кхаьчна, цигара Шема дехьаяла, цул тIаьхьа шена тIехьийзачу кIанте маре яха.

ЙоьIан везаро масийтта бутт хилла Шемахь, «Исламан пачхьалкх» олучу тобанах дIа а кхетта, тIемаш бен. Нохчийчоьнан полицино хаамбина, Шема яха аьтто беш, Ойсаева Пет1аматна уллеяьлла хилла Cоьлж-ГIалара яхархо, кIентан нана. Кхечу пачхьалкхе воьду паспорт доккхуш а гIо лаьцна хилла йоьIна тIехьийзачу кIентан нанас. И саннарг бехктакхаман кодексна буха нислой а хууш, марнана хила леринчу зудчо бакъ ца до захало ша дина хилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG