ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчуьрчу регионийн Iедалан белхан дикалла цигашкарчу заьIапхойн дахаран хьелашца юста еза, аьлла, кхайкхамбина цхьана юкъаралло. Цо шен хьесапехь рейтинг а хIоттийна оцу хьокъехь. ЗаьIапхошца я вон, я дика ю аьлла билгал ца яьккхина оцу рейтингехь Нохчийчоь.

ЗаьIапхой а, могуш болу нах а бахархойн ши дакъа даиманна хилла бу Оьрсийчохь. Цомгуш боцучу нахана кхета ца лаьа, цхьацца дахаран хьелаш бахьнехь дегIан заьIапалла деанчарах.

Кавказехь и харш башха ца го, амма къестамаш дуккха а бу. Дукхачу хьолехь иза хуьлуш ду, церан дахар аттачу даккха, хьелаш кIезга долу дела.

Кху деношкахь, Оьрсийчоьнан «Шайлаамийн кхеташо» цIе йолчу цхьанатохаралло, кхайкхам бина, регионийн Iедалийн белхан дикалла цигахь заьIапхойн гIуллакхе хьажарца юста аьлла.

Дуьххьара цара дуйцуш дерг ду, инвалидашна машенаш дIахIотто меттигаш дукха хилар. Шай рейтинг а хIоттийна оцу тобано.

Бинчу талламашца оцу хьокъехь дика хьелаш ду Свердлован а, Ненцойн а, Перман а, Владимиран а, Тверан а кIошташкахь. Ткъа уггаре а вон хьал ду Байкалал дехьа а, Дагестанехь а, ГIалгIайн махкахь а, Кхарачойн-Чергзийн а, Архангелан а кIошташкахь.

Нохчийчоь, схьагарехь царна юккъехь лаьтташ ю. ЗаьIапхойн юккъараллийн куьйгалхочо Аздаева Рабус ишта дийцира оцу гIуллакхах лаьцна.

Аздаева: «Могуш стаг санна мичча а ваха, театре, аптеке, балха а, царна оьшуш долу хьашташ дIаюьцуш ю тхан юккъаралла. Терминал а, цIерпошт а, хIаваъкема а, хьала вала а, восса а баланаш дуккха а бу церан. Долахь йолчу объекташца а бала хьоьгу цара. Цара ца бо церан аьттонаш. Соьлжа-гIалийн администрацийн векалшка а оха дехар дина, цаьргара и объекташ схьа ма эцахьара аш, заьIапхошна пандусаш яллалц, аьлла».

Нохчийчохь тIеман тIаьхьалонаш дIайохуш, юхаметтахIотторан белхаш болийначу хенахь, меттигерачу юккъаралхоша Iедалшка кхайкхош дара, заьIапхойн хьелаш тидаме а оьцуш, царна бахар-бахкарна аьтто лахьара аьлла. Амма дукхачу меттигашкахь иза ца дира, бохуш Маршо радиога дийцира «Диалог» цIе йолчу цхьанатохараллийн куьйгалхочо Аюбова Лайлаъа.

Аюбова: «ГIала юхаметтахIотточу хенахь, заьIапхошна аьттонаш бича гIоле хира дацара вайна, аьллера оха. И гIуллакх дийцаре а дира, кехаташ а язйира. Делахь а, шина-кхаа меттехь бен ца йира цара. Я ахча ца тоьънехь. Иза ца хаьа суна. Оцу хенахь уьш йинехьара атта хира дара аьлла хета суна. Ишколашкахь а кIезга гина суна уьш».

Тахана, мелла а тергоне оьцуш ду, махкахь болчу заьIапхойн хьелаш. Массийта автобус а йолаелла Соьлжа-гIалахь, царна тIебовла-охьабиса аьтто болу. Амма мел дукха дича а, кIезга ду, аьлла билгалдаьккхира юккъаралхочо Аюбова Лайлаъа.

Аюбова: «ТIаьххьарчу хенахь шай синкхетам болчара жим-жима бола-м бина и болх. ХIинца, автобус а йолаелла, заьIап нах лелош йолу. ЧIогIа кIезга ю-кх уьш».

Саракаев Анзор цIе йолу жима стаг бIаьрса доцуш ву. Амма, шен могашалла эшна яра аьлла ца Iаш, цуьнан вахан-ван дукха меттигаш хуьлу.

Саракаев: «Уггаре а халаниг, нахана некъан низамаш ца хаар ду-кх. Некъал дехьа волуш, ахь Iаса дIаяхийтича, иза шлагбаум юьйла ца хууш, тухий, кхусий и Iаса дIайохуьйту. Бес-бесарехь дехьа вала ца вуьту. Маьждиге дахана тхо дукха хан йоцуш. Цигахь, цIе бос богушшехь, тхуна тIетохаза а йолуш, дIаяхара джип машен. Со лелачу новкъахь, аз луш йолу бес-бесар яц. ГIала юккъахь-м ю боху иза. Со цигахула лела а ца лела».

Нохчийчохь тахана заьIап нах 170 эзар ца кхоччуш бу. Царах 60 эзар бераш а ду.

XS
SM
MD
LG