ТIекхочийла долу линкаш

Журналисташ-пропагандисташ - санкцийн тептаре


Кремлна гергахь вийначу оппозиционеран Немцов Борисан накъосташа дехардина Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташка Орсичуьрчу телевизионашкарчу «пропагандисташна» духьал а санкцеш яхар. Оцу журналисташа а дакъадлаьцна шайн харц къамелашца Немцов вийна хьелаш тIекхойкхуш, боху оппозиционераша.

Журналиста Кара-Мурза Владимира хаамбира Маршо Радионе, политика Касьянов Михаила Вашингтоне хьажийна оцу хотIерчу журналистех волчу бархI стеган цIе, аьлла. Церан могIарахь ву, масала, ши тележурналист - Киселев Дмитрий а, Пушков Алексей а.

XS
SM
MD
LG