ТIекхочийла долу линкаш

Адамийн бакъонашкахьа къийса хала ду Нохчийчохь


Нохчийчоь --Кутаев Руслан, Хьалха-Мартанарчу Кхелан хьалха, 2014

Нохчийчоь --Кутаев Руслан, Хьалха-Мартанарчу Кхелан хьалха, 2014

Низамо хьоьхург нацкъара а дуьтуш, хьаькамаша шайна бегIийла йолччу агIор туьду Оьрсийчохь бакъо а, нийсо а. Цигахь дахаран билгало ю, низамца мел бIоста нислахь а, Кремлан омра дахаре дерзор, могIарерчу нахана хуьлу эшам тергамза а буьтуш.

Вовшашца хийца а луш, Путин Владимир а, Медведев Дмитрий а Кремлехь олалла дан охьахиъчахьана, эшам хиллехь бен, демократин декъехь заздаьлла хIумма а цахилар даре до Оьрсийчоьнан шайн цхьа могIа политикаша а, журналисташа а, дуьххьала дIа могIарерчу бахархоша а.

Пачхьалкхехь дешан маршо лаг лаьцна лаьтташ хиларна нахана кхин некъ ца го шайна хетарг дIаала а, хезаш жоп дацахь а, куьйгалхошца хеттаре бийла а цхьа интернет -зIе йоцург.

Масала дуьнентIехь мел долу адам хьесапе эцча, Оьрсийчохь бехаш берш 2% бен бац, ткъа вуьйш 98% бу. Оцу 2% долахь дуьнентIехь мел долчу маьIданех – дешех-детех, жовхIар-алмазех, газ-мехкадаьттах, кхийолу хазнех - 35% долахь ю, ткъа вукхера 65% бен яц.

И тоа а тоьуш, дуьненан 98% нах вон бехаш бац, ткъа Оьрсийчуьра 2% Iедалдай дIабаьхчахьана вуьйш къоьллехь бу. Интернет машанехь шуьйра даьржинчех цхьаъ ду и хаттар.

Оьрсийчоь пачхьалкхана Iаламо еллачу хьал –таронашка хьаьжча боху могIарерчу бахархоша, хIун духур ду а, дуур ду а ца хууш дехаш хила дезара халкъ. Амма иза аьттехьа а цахилар гойту, дIо-о анайистехь схьагуш дегайовхонан серло а йоцуш, бутт батте мел болу, халонга дуьйлуш схьадогIу дахаро.

Цуьнга терра маргIалйоьлла, гIаддайна го адамийн бакъонашларьяр а, массо тIегIан маршонаш а. Цигахьчул йиш йоьхна делахь бен даладелла хьал дац кхузахь.

Цу хьокъехь сан масех хаттарна жоп дала резахилира бахархойн хьашт-дезарш луьстучу урхаллин Зайнди аьлла шен йоцца цIе яьккхина соьлжагIалахо.

Маршо Радио: - Оьрсийчохь Iедална резавоцург милла а, адвокат,бакъонашларьярхо, башхалла а яц, лацар, чуволлар, я вийна дIаваккхар, бахархой бола а боьлла, могIарера гIуллакх лору цхьаболчара. Мел ниса,дахарна герга бу те и хьажам?

Зайнди: «Легашкахь сецца, я бIаьрга яхана хIума санна, новкъарло а йина дIабаьхнарш багарбича, и бакъ дац ала бахьана дац. Кху тIаьхьарчу хенахь, чубоьхкинарш ма бийцахь, юкъараллехь гIара а долуш, маса стаг вийна. Политковская Анна, Эстемирова Наташа, Немцов Борис. Мел бу уьш? Уьш могIарерчу наха байийтина боций хьанна ца хаьа. Оьрсийчохь а, кхузаххьа-м ирх-пурх, маьрша делахь а, дацахь а хоуьйту гайтам бу-кх иза».

Маршо Радио: Iедалан политика гал ю-те бахархошца юкъаметтиг лело ца хууш я адам шайга цадогIург дуьйцуш карзахе хьийза техьа?

Зайнди: «Шен бахархошца юкъаметтиг тоян а, уьш резахилла тIетайта, церан дахаран хьелаш битаме далош тодан, урхаллехь болчара йоккхуш гIулч ян а яц, я и яккха уьш кийча а бац. И кийча ду муьлхха а дуьхьалонан болам хьаша а, новкъаверг,куьг бехке а лерина чуволла а, кхин тIеIаткъам бина дIасацо а,гуттаренна а цуьнан батт юкъа а. Кхечу пачхьалкхашца дуьстича Оьрсийчохь адам охьатаьIIина латтош ду, «гIикъ» ала а некъ боцуш. Маццалц? Цу хаттарна цкъачунна жоп доцуш ду. Оьрсий цхьаболчу аналитикаша ма-аллара,хьал кхераме-м ду…»

Маршо Радио: Шун куьйгалхоша кхайкхо эшна а доцуш, шун мохк Оьрсийчоьнан тешамечех тешаме, Кремлана муьтIахьчарлахь а муьтIахь Оьрсийчоьнан цхьа субьект ю. Вукху агIор бахархоша текъамаш бо Нохчийчоь пачхьалкх чохь пачхьалкх санна ю бохуш, куьйгаллехь болчара шайна луъург мага а могуьйтуш.

Зайнди: «Иза харц-м дац дан. Масала, Собчака Ксенийс кхузахь тIемалойн гергарчийн цIенош дохор, дагор хьокъехь шега хаттар делча, Путин Владимира элира, суьде кхачийна дов а доцуш, суьдехь бехкан барам къастийна боцуш, цхьанне бакъо яц, таIзарш деш нехан хIусамаш йохо.

Цо и къамел деш хIаллакдинарг I0-II цIено бен дацара, цул тIаьхьа, Путинера цхьа хаам кхаьчча санна, чуьра хIумнаш схьа а ца оьцуьйтуш, хьаьккхина дIаяьккхира кхин а 7-8 хIусам. Уьш жимма хьалхо хилла хIуманаш ду. Оьрсийчоьнан низамаш шайна ма тов тидар кхузахь хийра ма дац.

ХIинцца кху деношкахь, ДПС олучу некъан низам лардечу урхаллехь дIаехьначу кхеташонехь, Iедалехь болчара цу декъан полисхой декхаре бина, латийна лампанаш а, дIатесна доьхка а доцуш вогIучуьнгара машен схьа а яккхий, гIуданан лоттийле дIахIоттае аьлла. Муьлхачу низамо магош ду и саннарг?

Мел гIаддайначу, акхачу пачхьалкхехь а хила тарлуш дац ииштаниг кху Оьрсийчохь бен. Москохана лерехь къардайна хьийзаш волу, Республикан коьрта бакъонашларьярхо а мотт сецна дIатийна, низамаш лардайтар къилба хила деза мехкан прокуратура а къорйоьлла, кхийолчу структурийн а йишхаьлла. Дагардан дукха ду и кхачамбацарш. Цхьана журналисто ма-аллара цирк ю-кх караIамийначу халкъана хаддаза гойтуш».

XS
SM
MD
LG