ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Назарбаев юха а президент хаьржина


КIирандийнахь Казахстанехь бирзина президентан харжамаш маьрша бацара, хаам баржийна Европан кхерамзаллехула а, цхьаьнаболхбарехула а йолчу организацино.

Карарчу хенахь Iедалан коьртехь волчу Назарбаевс а , цуьнан партино а шен караэцна политикан таронаш, оцу Iедална критика ен оппозиционераш я лецна, набахтешкахь бохку, я махкахбаьхна, боху Европан кхерамзаллехула а, цхьаьнаболхбарехула а йолчу организацино.

Харжамашна юкъавахийтинчу шина кандидато цхьабосса хеставора Назарбаев, пачхьалкх а, Назарбаевн парти а цхьанаийна сурт ду Казахстанехь, ткъа иза демократин принципашца ца догIу, аьлла ду документ.

Оцу юкъанна Шанхайн организацин цIарх харжамийн тергоеш хиллачу Мезенцев Дмитрийс Казахстанехь харжамаш нийса а, маьрша а дIабаьхьина аьлла.

Хенал хьалха дIабаьхьначу Казахстанан президентан харжамашкахь, цигарчу официало бахарехь, 98 процент гергга харжамхоша кхаьжнаш тесна Назарбаев Нурсултанна. 26 шо ду иза президентан даржехь Iен. Назарбаевна халкъо мел тешадо ша хаа оьшу, аьлла, хеназа харжамаш кхайкхийнарг яра Казахстанан халкъан ассамблея.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG