ТIекхочийла долу линкаш

Киевехь - Евросаммит


Киевехь Евробертан саммит схьайиллина оршотдийнахь. Украина Евробертаца ассоциаце яхча дуьйна схьа дуьххьара ю цигахь саммит.

Барам болабалале ша динчу къамелехь президента Порошенко Петрос дегайовхо къадийра, Евробертан куьйгалхоша некъ боьллур бу Европан Украинаца йолу зIенаш чIагIъярехь, аьлла.

Ткъа Евробертан президенто Туск Дональда аьлла, ондда мостагI шена дуьхьаллаьттачу Украинан бу дуккха а доттагIий а. «Украинан тIетовжийла ду Евробертана, амма иза тоаме дац, аш шаьш хийцамашка кхачо еза шайн пачхьалкх», бохура Туска.

Стохка тIом болабелчхьана Украинехь Донбассерчу тIемашкахь велла 6100 стаг. Саммитан жамI хила тарло Украинан экономикана, банкашна Европано дан лерина гIо сихдар.

XS
SM
MD
LG