ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Непалехь беллачийн барам 5000 кхочуш бу


Непалехь мохкбегорца беллачу нехан йина чотт кхаьчна 3700 стагна тIе. Амма и терахь 5000-не хьаладала а тарло, тIекхача хала долчу лаьмнашкара хьал тергоне эцча. Мохкбегоро самадаьхна Гималайн лаьмнашкахь текхна оршотдийнахь.

Катмандура, дагон дечиг а, мала хи а доцуш йисинчу Непалан шахьарара, бевдда эзарнаш бахархой. Мехкан Iедало гIодоьху дуьнене. Белларш боцурш, лазийна мохкбегийча 7 эзар гергга непалхой.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG