ТIекхочийла долу линкаш

Шен бахаман барам бовзийтина Кадыровс


Дахначу шарахь шен бахам 5 миллион соьме кхоччуш совбаьккхина Нохчийчоьнан администратора Кадыров Рамзана. Иштта бу цо хIоттийначу декларацех лаьцна Интерфакс агенталло бен хаам. Цуьнан зудчо шарахь даьккхина 3 миллион 350 эзар сом. Кадыровн долахь ду, декларацино гайтарехь, 36 гектар дакъа а, 2300 еакъов метр цIено а. Зудчун цIартIехь ю петар -200 еакъов метр. Цул сов, доьзалан долаяздина ду кхин а цхьа цIа – 300 еакъов метр. Цхьа а машен а яц КадыровгIеран долахь, декларацино гайтарехь.

XS
SM
MD
LG