ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сакакшвилина тIехь кхел еш ю Тбилиси


Тбилисехь бехктакхаман дов хатта долийна Гуьржийчохь президент лаьттинчу Саакашвили Михаилан а, цуьнан Iедалехь хиллачу массех министрна а тIехь. Уьш бехкебо 2007-чу шарахь маьрша митинг дIасалохкуш массех оппозиционерна тIехь гIелоярна.

Маршо Радион Гуьржийчуьрчу корреспондента Кобаладзе Георгийс хаамбарехь, Украинехь веха Саакашвили реза ца хилла шена тIехь ечу кхелехь дакъалаца.

8 шо хьалха Тбилисехь митинг дIасалоллуш нахана ца догIу таIзар дарна нагахь санна Саакашвили Михаил кхело бехкевахь, 8 шо хан тоха тарло цунна набахтехь яккха. Гуьржийчоьно Саакашвили официалехь шена каравалар дехнера Украине, амма иза реза ца хилла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG