ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Иттаза эшна дешан бакъо


Дешан маршо итт шо хьалхачул а лахъеш ду пачхьалкхашкахь журналисташна дуьхьал даржийна дехкарш, керла низамаш, хаамбо Iедалхйоцчу дуьненаюкъарчу бакъоларъяран хьукмато Фридом ХIаусо.

Журналисташкарчу хьолах лаьцна кхаарийдийнахь ша Вашингтонехь арахецначу артикл тIехь иштта хаамбо цо: 18 махкахь эшна дешан маршо, шайлахь Азербайджан, Серби, Иракъ, Беларус, Оьрсийчоь, ГIажарийчоь, Туркменистан а, Македони а йолуш. Фридом ХIаусо билгалдоккху Оьрсийчуьра хаамийн гIирсаш Iедалан я баккхийчу хьаькамийн долахь хилар, цара бизнесан хьашташ кхочушдеш а, Iедална пайдениг бен дуьйцуш ца хилар а.

Цул совнаха, Оьрсийчохь Iедало доцург даржош а оьцу хаамийн гIирсех пайда, йоккху журналистика шен Iалашонашна тIера, боху Фридом ХIаусо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG