ТIекхочийла долу линкаш

8 стагна тоьпаш тохийтина Индонезин кхело


Индонезехь кхаарийдийнахь Iедалан цIарх вийна наркотикаш чуярна бехкевеш хилла 8 стаг. Тоьпаш тоьхна кхелан сацамца веа нигерхочунна а, шина австралихона, цхьана бразилхочунна а, цхьана индонезхочунна а. Филлипинерчу иссалгIачу тутмакхна тоьпаш тохар хийцина кхечу таIзарца.

Йинчу кIизачу кхелана резайоцчу Автралино а, Бразилино а шайн векалш цIакхайкхина Джакартера. Дукха хан йоццуш, наркотикашца къовсам эвсарабоккхуш, Индонезин президента Видодо Джокос юхаэцна стаг верна хIоттийна лаьттина мораторий, наркоманино къам хIаллакдеш лаьтта аьлла. Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацино бехкбаьккхина Индонезигара цо нах байъар бахьанехь.

XS
SM
MD
LG