ТIекхочийла долу линкаш

Кху кIиранан юьххьехь Соьлж-ГIалахь, дов листина а даьккхина, набахте хьажийначу Даурбеков Султана шен йоI ер шуьйрра дийцаредо Нохчийчоьно. Къоман амалца доьзалхо мел ийгIинехь а, иза вер зуламе ду, боху цхьаболучара, вукхеран ойла нийсса бIостанехьа ю.

Цхьа хIума юьхьар а лаьцна, зераш дан воьлча, хIинццалц схьа къайле хилларг гучу а долуш, довзаза дерг довза а девзаш, жоьпаш карадо цхьа могIа хеттаршна. Хьо ахкаме мел вуьйлу а тамаше, бен-башхалла йолуш жоьпаш лучу чолхечу хеттарех ду, схьагарехь, вайнехан юкъараллехь даьржаш долу, хьалха эхье лерина хIуманаш. Царех ду, йолах беш болу болх санна, нахана мехах бераш дар.

Бер дайта лаьцна зуда пхьора йолар хьахоза а дуьтуш аьлчи, ахчанах бер дуьнентIе даккха резахилларг, мел оьшург, цо цIе тоьх-тоьхнарг а латтош, исс баттахь кхобу. Мукъаяьлча, цо хадийна мах дIа а лой, дIайохуьйту, хIуъчара дийцарехь бер бIаьрга а ца гойтуш. Ишта деш долу бераш къотIалгIа деш а ду, уьш дайтар маггане а мегар доцуш, маьттаза, боьха хIума а ду аьлла чIагIбелларш чот йоцуш дукха бу.

Царалахь къаьсттина алсам бу зударий. Церан хьажамах доцца аьлча, цара дохка бераш дийриш бусалбанаш-м муххале а ца лору, оьздангаллех боьхна,шайн догIмех йохка-эцар а йина, божаршна там беш, атта лела зударий лору. Дукха бацахь а, цу кепара къайла-къулах бераш дар кхето гIертарш а ба-м бу. Царех ю кхаа йоьIан нана Ленинан кIоштера Сагиева Зарема а.

Зарема: «Бер доцчунна дезар ду-кх иза а. Цо кийрахь лела а дина дича а, шениг санна дезар дуй техьа аьлла а хета. Цуьнан шен доьзалхо ма вац иза, кхузара ишта вуьшта бер ду олуш берш а бевр бу. Шайн зудабераш бен доцчарна, децIа лардан а, тIебахка бух хилийта кIант везарш а хуьлу. И мел ниса ду дешначу нахана хуур ду-кх».

ХIинцца къамел дина Сагиева Зарема санна, шеконца дIасалестар а доцуш, мах луш бер дайтар дикачу агIор туьдучех ву 67 шо долу Новр кIоштера Абаев Iала. ХIун-мила ду а, да-нана лартIа ду-дацца а ца хууш, бIаьргаш а хьабдина ,катоьхна лаьцна хIуманах тера бер далочул, гIолех ду могашчу зудчуьнга доьзалхо вайтар. Ишта хьажам болчех ву Абаев. И ву дуьйцуш.

Iала: «Дала озаллехь синош кхуллуш тIедиллина кхо хIума ду бах: хIусам яр, доьзал кхиабар, стоьмийн дитт догIар. Боьршачу стагна а, зудчунна а доьзалхо валар цавалар иза Делан болх бу. Шайн хилийта йиш ма яций церан. Цхьаъ хилла,муьлххачу бахьанийца а,шайна доьзалхо хуьлийла ма лаьа нахана, валийна а, вайтина а.

ХIун-мила ду а хууш, бер мел цIена ду хууш дайтар гIолехь ду-кх, валочул. Суна гергахь, и цхьа къа долуш хIума а дац, нагахь санна кхин стаг цунах кхета а кхетта, доьзалхочух а хилла, цу зудчун а, майрачун а бертахь, вевзаш стаг хийла иза, доттагI хийла иза, я кхин хийла иза, и хIума нахала а ца долуьйтуш,шайлахь цара и нисдарх телхина хIумма а дац. ХIунда аьлча шайн хIу ца дайта лелош мА ду цара иза».

Маршо Радио: Ахьа дечу къамелаца бIоста а нислуш,кхечара хIун бохий? Хьайн цIий бех а ца деш,гергарчарех бер даладе боху. ШолгIа, муха динехь а цу зудчо и бер дохка дина ду боху…

Iала: «Зудчо мухха динехь а хьайна дезарна оьцуш ма ду ахь бер. Хьан шича –вешина луур мА дац хьуна бер дала. Делча а, кхана Iуьйранна цхьаъ нислахь, догазаллаш хир ю юкъахь. Цул атта дац, цхьана дас хIума аларна а ца кхоьруш, шен бер хилча?»

XS
SM
MD
LG