ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Юсафсай Малалина герз тоьхначеран кхел


Пакистанан кхело оьмар чекхъяллалц набахтехь кхаба кхачийна 2012-чу шарахь юкъараллерчу жигархочунна, жимчу йоIана Юсафзай Малалина герзаш тухуш дакъалаьцна 10 т1емало.

Делахь а, тапча йоIна тоьхнаверг, Хан АтауллахI, ОвхIанистанехь къайлаваьлла вехаш ларало, боху Эй-Эф-Пи агенталло. Малала лазийначу иттанна валлалц хан тоьхнарг ю Хайбер-Пахтунхва провинцера антитерроран кхел. И тайпа сацам юхабоккхийла, хуьйцийла дац Пакистанехь, лаьцначу стага набахти чохь 25 шо даьккхича бен. Iедало бахарехь, чувоьллина итт Пакистанерчу Техрик-и-ТIалибан олучу тобанца уьйрашкахь хилла ву.

Юсафзай Малалина герз коьртах кхеттера хIетахь, цунна бехкединера тIалибаша иза дуьненнна хьалха Пакистанерчу берийн бакъонаш юьйцуш лелар. ХIинца 17 шо кхаьчна Малалин, стохка машарбаран Нобелан совгIат делира цунна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG