ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ким Чен Ын ца вогIу Москох


Кремло хаамбина, Москох Толаман параде вогIур вац Къилбаседа Кореян лидер Ким Чен Ын, аьлла. Чоьхьарчу гIуллакхийн проблемаша дIалаьцначу цо сацамбина «Пхеньянехь виса» элира Путин Владимиран пресс-секретара Песков Дмитрийс. И хаам дипломатийн зIенашкахула хаийтина Ким Чен Ын, бохура Песковс.

Хьалхо даржийнера Кремло, Дуьненан шолгIачу тIамехь Германин фашизм эшийна 70 шо кхочуш Москох хIотточу параде Къилбаседа Корейн куьйгалхо а вогIу, аьлла. Ким Чен Ын нагахь санна веъна хиллехь, иза цуьнан Iедале веъначу кхаа шерачохь дуьххьара шен махкара аравалар нислора.

ЦIечу Майданахь парадах куьйгалладеш хир ву президент Путин. Оьрсийчоь Украинан гIуллакхашна юкъайолар бахьана долуш богIур бац Москохарчу параде дукхахболу Малхбалера лидерш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG