ТIекхочийла долу линкаш

Кадыров реза ву тоьшалла дан


Ша кийча ву талламна гIодеш, Немцов Борис верца доьзна тоьшалла дан, дIахьедина Нохчийчоьнан администратора Кадыров Рамзана.

Иза тоьшалле воьху вийначу политикан берийн адвокаташа. Деношкахь Кадыров левар Iедална тIедожош цхьалха пикеташ дIаяьхьира Немцов куьйгаллехь лаьттинчу ПАРНАС партин кегийрхойн декъо. Дина зулам толлуш лаьцна кхобу Москох пхи нохчо Дадаев Заур, Губашев Анзор, Бахаев Хьамзат, Эскерханов Тамерлан, Губашев ШахIид.

«Со доггаха реза ву тоьшалле ван, ас аьллачо талламна гIодийр делахь. Нагахь санна зулам динарг Дадаев Заур велахь, масала, кхело къасттийна таIзар такха догIу цунна» - аьлла Кадыров Рамзана «Говорит Москва» («Къамелдеш ю Москох») радиона интервью луш.

Талламчийн леван лаам бу Соьлж-ГIаларчу «Къилбаседа» цIе йолчу батальонехь эпсар лаьттина Геремеев Руслан а. Амма и карон а, талламчашна тIекхачо а дуьхьалойо Нохчийчоьнан Iедало, бохуш ду прессехь хеза аьрзнаш.

XS
SM
MD
LG