ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Порошенкос бина хаам харцбо Кремло


Кремло бакъ ца бо, украинахоййий, оьрсийн сепаратисташший вовшахлиэтачу Донбассе дуьненаюкъара машарбархой биссон Путин Владимир резахилла, аьлла, Киевера баьржина хаам.

И дIахьедар даржийна президентан пресс-секретаро Песков Дмитрийс. Еарийдийнахь Украинан президенто Порошенко Петрос хаийтинера, Путина тарлуш лору Донбассе машарбархой хьовсор, аьлла.

Путинца Германин канцлеран Меркел Ангелин а, Францин президентан Олланд Франсуан а, шен а телефонехула къамел хиллачул тIаьхьа динера дIахьедар Украинан президенто Порошенко Петрос.

Песковс бахарехь, Минскехь бийцина машар дахаре берззалц машарбархойх лаьцна хIумма а дуьйцийла дац. Амма «Оьрсийчоь цкъа а ца хилла машарбархошна дуьхьал.Уггаре хьалха иза дандезарг ю Киеввий, Донбассий», боху Кремлан цIарх Песковс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG