ТIекхочийла долу линкаш

Къинхьегамхойн Дийнан гуламашкахь


Къинхьегамхойн бертахьаллин Денна лерина митингаш хIиттийра профессионалийн гонаша а, политикан жигархоша а ерриг Европехь а, дуьненан кхечу дакъошкахь а. Ткъа Туркойчохь Стамбулерчу Таксим-майданахь хIоьттина гулам лохкучу полисхошний, бахархошний юкъа дов доьлла.

Полици, бIаьргех хидоккху газ а яржош, дуьхьалъелира демонстранташна. Гуламхоша тIулгаш а, петардаш а кхийсира дуьхьал. ТехIеранехь а хилира протестан гулам – белхан, дахаран хьелаш тодар доьхура наха.

XS
SM
MD
LG