ТIекхочийла долу линкаш

Литвиненко верна декъахь хила тарло кхин а цхьа фигурант


Къайлахчу сервисехь, ФСБ-хь, болх а бина, Оьрсийчуьра ведда, Лондонехь ваха сецна хилла Литвиненко Александр вер толлучу Ингалсерчу комиссин сайтатIе тоьхна Оьрсийчохь наркотикашна дуьхьало латточу Федералан агенталлан куьйгалхочунна Иванов Викторна юхькIаме йоцу материалаш.

Литвиненко дийна волуш, цуьнан дехарца, кечйина Ивановн досье къайлахчу сервисехь хьалха болх бинчу Швец Юрийс. Ша Швец а ву диссидент вер толлуш Лондонехь йоьдучу кхелехь дакъалоцуш.

Оцу досье тIехь боху, Петарбухахь болхбечу муьрехь Иванов Виктор зIенашкахь вара Тамбоврчу зуламхойн тобанца, цо цунна Колумбера Петарбуха наркотикаш дIакхачош гIо а дора. Ивановна мехала хилла арахьарчу мехкашца долу цхьа контракт дуьйхира и досье бахьанехь, аьлла ду материалашкахь.

Ткъа Ивановн букътIехьа хIетахь лаьттара Петарбухарчу мэрехь дуьненаюкъарчу йохк-эцарех жоп луш волу Путин Владимир, боху досьено.

XS
SM
MD
LG