ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кутаев Русланан дов юхаталлийтарехьа


Кавказан къаьмнийн ассамблеян президентан Кутаев Русланан дов юхаталлар доьхуш, арз дахьийтина Нохчийчоьнан Лакхарчу кхелан президиуме «ТаIзарна дуьхьалояран комитето».

Стохка аьхка Хьалха-Мартанан кхело диъ шо а къастош, ша набахте хьажор тIе ца эцна Кутаевс. Мехкан Лакхарчу кхело дов теллича, лахарчу кхело тоьхначу деа шера тIера ши бутт юхабаьккхира.

ХIинца, мехкан Лакхарчу кхелан президиуме дов хьажош, арз кечдинчеран декъахь ву Кутаев Русланан кхIидIа а адвокат вуьсуш волу Заикин Петр.

Массех дуьненаюкъарчу бакъоларъярхойн юкъаралло политикаца дузу Кутаев, цо наркотикаш лелийна аьлла, кхелеозор. Бахьана го царна Кутаевс вайнах махкахбахарна лерина конференци гулъяр Нохчийчоьнан администраторна Кадыров Рамзанна цатайна хиларца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG