ТIекхочийла долу линкаш

Йеменерчу гIаттамхошкахьа ю ТехIеран


ГIажарийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министран гIовса Амир-IабдоллахI Хьусайна дIахьедина, Йемен шайн махкаца гергарлонехь а ю, ТехIеран цунна зен динчу мехкашца луьра а хир ю аьлла. Бутт бу Йеменехь гIевттинчу шиIатойн ХIутхи гаранан ницкъашна СаIуда Iаьрбийчоьно, ша коьртехь а йолуш, кхоьллинчу тIеман коалицино дуьхьалоен.

Ткъа Йеменерчу гIаттамхошца тIекарлонехь ю ТехIеран. Иза бахьанехь гIоьртина ю ГIажаройчоьнан юкъаметтигаш СаIуда Iаьрбийчоьнца а, кхечу массех а махкаца а. Йеменехь шолгIачу батте бевллачу тIемашкахь велла 1200 вахархо.

Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацин инарла секретара Пан Ки Муна гуманитаран кризис ю Йеменехь, нахана кхачанца, молханашца гIодайтархьама, массех денна мукъане а цигахь тIемаш совцор дехна къовсамхошка.

XS
SM
MD
LG