ТIекхочийла долу линкаш

Газпромера 16 миллиард доллар юхадоьху Киево


Оьрсийчоьнан энергетикан компанига Газпроме 16 миллиар доллар шена дIадалийтар доьхуш, Стокголмерчу дуьненаюкъарчу арбитражан кхеле яьлла Украина. 2009-чу шарахь Газпромой, украинахойн Нафтагаз компаниной 10 шарна барт бира газ йохка-эца. Оцу хеначохь Киево шена газах дала деза декхар кхиина миллиардаш долларшкахь бохуш чIагIдо Газпромо.

Ткъа Украина реза яц шена юхкучу газан механа – иза тIех лакхара бу, ша ишта а дIахьежийна Москох сов ахчанаш, боху цо.Украинан премьер-министра Яценюк Арсенийс пIераскандийнахь шен Фейсбукехь яздина, газан транзитан контракт харц хIоттийна ду, Газпромо Нафтагазана яхначу заманан йохк-эцарера 10 миллиард доллар юхадала деза, ткъа дерриг а юхадала деза ахча 16 миллиард ду», аьлла.

XS
SM
MD
LG