ТIекхочийла долу линкаш

Соьлж-ГIаларчу гуламашка - ницкъаша


ПIераскана Соьлж-ГIалахь Къинхьегамхойн Денна лерина хIоттийначу митинге а, цул хьалха вовшахтоьхна хиллачу нехаш йохучу бараме а нах Iедало ницкъаша бигира бохуш аьрзнаш до прессе Нохчийчоьнан бахархоша.

Оцу хьокъехь яздо «Кавказан Узел» агенталло. Нохчийчуьрчу официалан хьстанаша бахарехь, 100 эзар стаг вахана Стигалкъекъачу-беттан 1-чу дийнан митинге. РогIехь тIедожийна бахархошна Толаман Дийнахь а, цул тIаьхьа догIучу мехкан Тезетийн дийнахь а хIуьттучу гуламашка кхача.

XS
SM
MD
LG