ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дала ма лайла вай, кIентий!


Нохчийн поэт Яралиев Юсуп
Нохчийн поэт Яралиев Юсуп

Нохчийн къоман тоьллачу дешан говзанчех цхьаъ волчу поэтан Яралиев Юсупан 60 шо кхаьчна кху дахначу пIераскандийнахь. Цунна лерина ду хIара Маршо Радион дош.

Яралиев Юсуп мел вевзарш а, мел везарш а, нагахь иштанаш белахь, ур-аттала и цавезарш а - массо тIетовр бу аьлла хета суна и веданхо велавелла, векхавелла кIеда-мерза стаг а, ийманехь суьпа адам а, хьанна а бан хьехам а, дала хьекъал а долуш, кIорге йолу юьхьша а, исбаьхьаллин дош «ахка», кхала охIла байтанча а ву аьлла. Цуьнан байталла а ю цхьа шатайпа «кIеда-мерзаллица» екаш, дешархочун дог диканах, безамах дузуш, тешош.

Юсупан синхааман турпалхочо цхьатерра куьце, кIорге а йолуш ялхайо, шен мух-мухха а йоцу ойланаш. Хуьлда уьш Iаламах, безамах,Iар-дахарх…

Хьан кIадделла хьажар Iена шовдан чу.

Маьлхан цIеста зIаьнар хьоьца ловзуш ю.

Хьан Iуьйренийн эшарш совгIатана луш,

Хьан хьогалла Iена сарахь шовдан чу.

Цу чохь хьайн сурт довзахь, гIайгIа эшае.

Хьан дуьхьа и шовда дуьйлу эшаре.

Хьо еанчу новкъахь сийна богу бай.

Сатийсамийн полла цу новкъахь дIабай.

Вай гIон долчу новкъахь-м дика мел дерш дай,

Малхе леста полла геланча бу вайн.

Хьан сакъерадалар Iанахь шовда чу,

Маьлхан цIеста зIаьнар сица ловзур ю.

Яралиев Юсупан похIмаллин,цунна исбаьхьаллин дош лепийта хааран тоьшалла лара догIу цуьнан дешнаш мукъаме даьхна эшаршкахь декийтина дуккха а иллиалархой хилар. Царех ву Дидигов Билухьаьжа, Кагерманов Раиса,Эбазуев Iуспа, Насагаев Муса ишта кхиберш а. Махкахоша тIех дика тIе а эцна.дуьненан мичча а маьIIехь хьасартне ладийгIинчех ду, масала, «Дала ма лайла вай, кIентий».

Цкъа доггах,цхьа хаза хIара дуьне дааза,

Дуьненан Iаламах цхьа илли алаза,

Дала ма лайла вай ,кIентий, дала ма лайла вай,кIентий.

Дайх ала дош доцуш,Даймахкахь каш доцуш,

Дала ма лайла вай, кIентий, дала ма лайла вай, кIентий!

Саццаза сохьташкахь дийца ду Яралиев Юсупах а,цуьнан адамаллин кхоллараллех а. Шена иза вевза дукха хан хиларе терра доггаха, ша дуьйцург хIун ду а хууш дош элира цунах Нохчийчохь дика вевзаш волчу байтанча-гочдархочо Хатаев Хьусайна а.

Хатаев: «Цхьа –а шеко а йоцуш Юсуп говзанча ву, мехала говзанча а ву,лара везаш говзанча ву, дешнаш «дуца» хууш а ву. Масала цуьнан «Дала ма лайла вай,кIентий « байт хьахор вай. Кху дуьнентIехь ши тайпа хьежам, дахар тидар ду-кх. Цхьаммо муха боху,хIара дуьне Дала оьрсийн латта дуй , нохчийн латта дуй аьлла делла дац бах цара.

ХIара дуьне делла-кх. Наха вовшашца къуьйсуш, каетташ, шайна меттигаш билгальяьхна.

Цара муха боху, мичхьа велча а, дIавоьлча а бен-башха а дац. Делан дуьне, Дала кхоьллина латта ду хIара боху. Амма вукхара муха боху. Хьо цхьанаметтехь хьалакхиънехь,оцу меттигах воьлла хьо,цигахь дIаверзар ду хьуна мерза. Оцу шолгIачарех ву Юсуп. Цо и хьуна мел дазлуш, хьуна дикачу агIор мел тIеIаткъам беш,олу я ца олу, цуьнца хадабо ахь байта мах. Цо хьан догьоьцуш, кийра дозалла доссош дIахIутту-кх хьо,цуьнан байт ешча, дуьнентIе валар санна, дIаверзар а хьайн махкахь дезаш.

Шатайпа, кхетамехь мерза,беркате ойланаш гIиттош, дуьйцу цуьнан синхааман турпалхочо безамах а»

«ЙоIа бина суьйренан мукъамаш».

Бакъ ду хьуна,хьоьг а са ас тийсина.

Бакъ ду хьуна,хьуна го ас тийсина.

Дуьне мел ду хьуна са ас хьийзийна.

Хьан некъ ларбеш, кетIа юьйлуш,хьийзина.

Бакъ ду хьуна хьо гаре сатийсина.

Хьо лелачу новкъа бIаьргаш хьийсина.

ГIуллакх доцуш шовдане со листина.

Ойланехь хьан ойланаш ас хьистина.

-ХIун ю-теша ирсан серло?хиттина.

Суьйрене хьо воьхуш, бIаьргаш хIиттина.

Хаац, Адам лоьхуш мича ирсана,

Хьавас санна,хьоьга са ас тийсина…»

Мел чолхе тема а цхьа самукъа а доккхуш,дог ира-кара а хIиттош, шовкъе йосту байтанчо. Цуьнан синхааман турпалхочунна хийра хIума ду дагахь цхьаъ багахь кхин кхабар а, шалха вийлар а. Цо хьулам а ца беш ялхайо шен мел экама а. лазаме а ойланаш а.

«Хьох со хIунда тийшира?» байт юкъара ду хIара могIанаш:

Ас сайн ойла,Iехавелла,ьан эшарех тешийцнехь,

Бехк мА била: ойла тилла хилла хьуна со хIетахь.

Дохковаьлла, еза аьлла, хьоьга дог сайн далхорна.

И хьан хилла гуш ца хилла, безамо дог дахорна.

Хала ду кху доццучу къамелехь,хенан цхьана гурахь Яралиев Юсупан байталлин,цуьнан синхааман турпалхочун кхиаран а, цо дахар тидаран а хьакъдоллу мах хадош, урх хецна къамел дан.

Цхьаъ ду къастам боллуш - нохчийн исбаьхьаллин литературехь цуо юьту лар синхаамийн шорто а, кIоргалла а йолуш,беркатийчех беркате а ю. Адам дика дан сихдеш, цхьа забаре хьу а йолуш, хIора а дикане кхойкхуш санна а ека цуьнан дукхахйолу байташ. Цуьнан кхоллараллин хIатI а ду Юсуп ша санна цхьа кIеда-мерза.

Цуьнан «Мох хьоькху» байтанца дерзадо ас сайн къамел.

Буйннал бен йоцу, хIай, сан Нохчийчоь,

Сиркхонийн мох хьоькху хьан деган кхерчахь.

Осала некъаш ду хьан некхах хьерчаш,

Доьналлин юьхь йина сан Нохчийчоь!

Реза яц кадечу кIенташна хьо,

рицкъанан лайш хилла хьайн кIентех бохуш.

Безаман лайш хилла мехкарех бохуш,

Реза яц бос хазчу мехкаршна хьо.

ХIун хила хьаьхна те хьан орамах?

Кхо хIума ду баьхна сий дойуш стеган.

Кхо хIума ду баьхна хIунда ца мега,

Дависарг, дегI долчо шен дола дан!

Яхь йолу кIентий хьайн ца хилча хIай,

Хьо ян а юй –техьа ворххIе дайх йиснарг?

Къаьмнашлахь яккха цIе ма яц хьан нисса,

Са оьзда мехкарий ца хилча хьайн...

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG