ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Израилера дуьхьалонан акцеш


Эфиопера Израилехь баха хевшинчу репатриантийн духьалонан акцеш хилла кху тIаьхьарчу масех дийцахь Байталкъуддусехь а, Тел-Авивехь а. Цу тайпа цхьана акцехь хиллачу тасадаларшкахь Тел-Авивехь лазийна 80 гергга стаг. Царах 60 полицин белхахо ву.

Дуьхьалонан акцеш юьйлаелла Израилехь Эфиопера схьаваьллачу жуьгтичунна эскархочунна, цхьа а бахаьана а доцуш, полисхочо, тIе а летта, еттар бахьана долуш.

Салтичунна йиттина полисхо балхара дIаваьккхина, амма дуьхьалонан акцин декъашхошна хета цунна луьра таIзар дан деза аьлла. Цу тайпа, бахьана а доцуш, Эфиопера схьабевллачу жуьташна ницкъ бар дуьххьара хуьлуш дац Израилехь. Церан векалша Оршотан дийнахь цхьаьнакхетта Израилан премьер-министр.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG