ТIекхочийла долу линкаш

Ши стаг вийна Далласехь


Iамеркехь Даллас олучу гIалахь, Мохьмад Пайхамар вуьлла бохуш, сурташ а дехкина, уьш гойтучу меттигана уллехь вийна ши стаг. Цаьршимма герз тоьхна полицин белхахо лазийна бохуш чIагIдо Iедалша. Цара дийцарехь, цкъачунна хууш дац тIелатар дар доьзна ду карикатураш гайтарца, я дац.

Далласера мероприяти вовшахтоьхнарг ю «Сацаде Iамеркехь бусулба дин даржар» цIе йолу организаци. Далласехь хиллачу форуман декъашхошна юкъахь вара Нидерландера политик Вилдерс Гердт. И стаг вевзаш ву бусулба нахана дуьхьал къамелаш дарца.

XS
SM
MD
LG