ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бостонан кхелехь кийтарлонаш йина Царнаевн гергарчара


Бостонан Федералан кхелехь кийтарлонаш йина марафонехь эккхийтарш дарна бехке винчу Царнаев ЖовхIаран гергарчара. Цара къамел дина, кхо стаг а вуьш, 260 стаг лаза а веш, эккхийтарш динчу Царнаевна вен кхел йогIу, я ца йогIу бохург къастош болчу бехккъасторхошна хьалха. Associated Press корреспонденто дийцарехь, хIинццалц шена цхьа а хIума цахеташ санна лелаш волу Царнаев ЖовхIар вилхина, шен ненан йишас Сулейманова Патимата къамел деш.
Царнаевн шичас Сулеманова Найдас дийцира ЖовхIаран ваша Тамерлан чIогIа хийцавеллера 2012-чу шарахь Оьрсийчу а вахана Iамерке юхавирзича бохуш. Царнаев ЖовхIар Iамеркан паспорт долуш ву. Иза а, цуьнан ваша Тамерлан а Дагестанера орамаш долуш ву. Жима волуш масийтта шо даьккхинера цаьршимма ГIиргIизойчохь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG