ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийчуьрчу «Акха дивизех» «Буьйсанан берзалой» хилла


Нохчийчоь --"Буьйсанан берзалой" тобанан байкерш

Нохчийчоь --"Буьйсанан берзалой" тобанан байкерш

Дуьненан ШолгIачу тIамехь баьккина Толам базбеш Берлине баха арабевллачу байкерийн некъ Европан Берто бохор Iаьткъина Оьрсийчуьрчу могIархошна хьовха, политикашна а. И шен Iаткъам балхош Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан волчохь а хилла деношкахь оьрсийн байкерийн лидер Залдостанов Александр

Оьрсичоьнан «Буьйсанан берзалой» цIе йолчу байкерийн тобано деношкахь йоккха гIовгIа гIаттийна шайна гондахьа. Телевизионехула кхийкхош дуьйцу, Дуьненан шолгIачу тIамехь толамбаккхар даздеш Европехула мотоцикалш хохкуш чекхбовла лерина Iалашо, царна ма-хетта кхочуш ца хиларх лаьцна.

Шайна хетарг дозанашкахь меттигерачу Iедало чекхцадалийтича, «Буьйсанан берзалой» тобанан куьйгалхочо Залдостанов Александра маьттаза лейинчу баге ладоьгIча кхета хьо, буьйсанан байкерш киношчохь болчийх тера боций.

Ткъа муьлш бу-те и байкераш? Зорбанан хьостанашкахь ма буьццу къомана дуьхьал, шайн лаамехь, цхьанне кепара низамаш доцуш лела-те уьш?

Маршо Радиос къамел дира Нохчийчуьрчу байкерца Аласханов Турпалца. Цхьана хенахь иза а хилла «Акха дивизин» тобанехь.

Мовсара догцIенчу жимчу беро санна дийцира, дуьххьара шен мотоцикл гича хилла дог-ойланех лаьцна а, тахана шен долахь йолуш, ша хоьхкучу мотоциклах лаьцна а.

Аласханов: «Дуьххьара мотоцикл суна гира Москох, Нохчийчохь тIемаш болу шераш ду уьш. Юха Москохара Петербурге дIавахара со, цигахь некъаца гора суна и мотоциклаш. Эццахь сайна эца чIагIо йира ас, и сан кхочуш а хилира дукха хан ялале. Машенел а дуккха а езнаш а ю уьш, делахь а цкъа мотоцикл хаьхкинчо, и езачо, цуьнан гIовгIа хезначо, машен ца хохкуш а, мотоцикл хохкур ю».

Хетарехь машенал а кхераме ю луьстачу новкъахь хехка мотоцикл, цундела хаьттира оха Турпале дас-нанас, доьзало сагатдой хьуна, йита олий и кхераме хобби.

Аласханов: «Юьхьанца цIахь сагатдора суна, хIунда аьлча чехка хохкушъерг яра соьгахь хIетахь. Делахь а, хIинца со жима а вац, и берийн ловзарш ас дитина, машенаш юккъехула хахкар, тIома вала гIертаррий, уьш лелон сан хан а яц. И дерриг а ас лелийна ду. Цуьнах дика болх ца хуьлу. ХIинца са ца гатдо.

Цхьана агIор со молуш, узуш, цхьанне кепара юхахьара лелаш а вац, цундела а цагатдеш хир ду-кх суна са, хьалха санна. Хьалха тоба яра тхан, хало ду тобанца. Цундела сайн накъосташца хехкало со хIинца. Тоба ю-кх и дIавоьдург шиь-кхоъ-виъ велахь а».

Даима некъаца го байкерш, дийнахь а буса хехкалуш. Ойла кхоллало, балхахь бац-те уьш я белахь новкъарло йой-те мотоцикло белхана? Байкеран жоьпехь хиира тхуна шен дагах, цIийх кхетта дезачу хIуманна даим хан, меттиг карош хилар.

Аласханов: «Балхахь а ву со. Мотоцикл болх беш ца хилча хехка а лур яц. Машенан меженийл беза хуьлу мотоцикл йоьхча эца беза гIирс. Балхара мукъа хан ма елли хоьхку ас мотоцикл, амма болх битана хехка йиш яц. Цкъа дог Iабош ахь мотоцикл хакхкахь дийнна шарна тоам бо цо».

Оьрсийчохь тайп-тайпанчу хаамашца вагарлуш ву 5 миллион байкер. Оцу терахьо а йойту ойла, хIун пайда бохьу-те байкерша шен махкана, доьзална я ша шена? Нохчийн байкера иштта делира цу хаттарна жоп.

Аласханов: «Пайдий? Вайн дика некъаш ду мотоцикл хахка, баьхкина хьеший вайн некъаш гича, цецбуьйлу, шун некъаш ду-кх мотоциклаш хоьхку некъаш олий. ТIаккха баьхкинчу хьешашна вайн гIиллакхаш довзуьйту, далучу барамехь гIо-накъосталла а до. Тхо дIадахча иштта хьошалла тхуна а гойту. Хьажахь, Нохчийчохь тIом ма бара, хIетте а бу-кх церан байкерш олу. Вай долчу лелачу нехан терахь лакхадолу, вай бандиташ ду бохуш тиллина цIе яр а хуьлу. Соьга хаьттича пайдда бу-кх и»!

Юьхьанца «Акха дивизи» баьхначу тобанех тахана Оьсийчуьрчух таръеш, Кремлна томана санна «Буьйсанан берзалой» хилла. Цул совнаха, оцу тобанна юкъа а вахана, декъашхо хилла Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а.

Дуьненан шолгIа тIом чекхбаьлла 70 шо кхачар даздеш, оьрсийн Толаман Байракхца Берлине кхача "Буьйсанан Берзалой" олучу байкерийн тобанна Европано новкъарло йинехь а, кхачош бац Оьрсийчохь оцу маргинал-тобане болу ларам.

ХIинца цуьнан могIаршкахь Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а нислуш велахь-м муххале а айлур оцу "берзалойн" байракх.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG