ТIекхочийла долу линкаш

Мамсуров Таймураз "юха а дарже воьху халкъо"


Оьрсийчоь - Къилбаседа ХIирийчоьнан куьйгалхо Мамсуров Таймураз

Оьрсийчоь - Къилбаседа ХIирийчоьнан куьйгалхо Мамсуров Таймураз

Къилбаседа ХIирийчоьнан юкъархоша дехна Оьрсийчоьнан президенте шайн мехкан куьйгаллехь кхозлагIа а Мамсуров Таймураз витар. ТIебогIучу баттахь кхачош ю оцу куьйгалхочунна низамо даржехь Iан луш йолу хан. Стенна доьху хIираша Путин Владимире Мамсуров даржехь сацор?

Мамсуров Таймуразах даьлла беркат ду шайн махкахь паргIато хилар. Регионе юха а кризис йоссахь, голаштIера гIоттуш а бен йоцчу Оьрсийчоьнна букъатIе хIума тохар санна нислур ду, аьлла яздина Путине кехат дехархоша.

Мамсуров Таймуразан сурт Оьрсийчоьнан политикан куьзганахь олийла дац маьттаза го. Цхьаъ делахь, иза Iилманча ву – Металлургин институт яьккхинчул тIаьхьа, политика а езаелла, цуьнан доктор хилла цунах. Белхаш бина комсомолехь, компартехь. 2005-чу шарахь ваьккхина Къилбаседа ХIирийчоьнан куьйгалхочун дарже.

Иза хьаькамалле веъна кхо бутт а ца баьллера, цунна шен децIахь, Бесланехь, школа дIалаьцначу тIемалошца машаре къамелаш дар тIедоьжча. Бакъду, деха ца бисира бертан къамелаш дан Мамсуровн карахь мукъ.

Бесланехь школа дIалаьцначу нахаца юкъаметтигаш листа кхоьллира хIетахь къайлахчу сервисерчу а, кхиболчу ницкъаллийн урхаллашкарчу а хьакамийн го. Цара юьстахдитира ХIирийчоьнан лидеро дан долийна машаре къамелаш. Иза юьстах а вуьтуш, хIаллакхъян йолийра эзар сов бер, воккха-жима чохь волу школа.

ХIетахь дайинчу бIеннаш берашлахь вара шен Мамсуров Таймуразан кIант а.

Оцу 2005-чу шарахь дуьйна схьа ХIирийчоьнан куьйгаллехь веха Мамсуров вац кхиболу, аьр вай, луларчу ГIалгIайчоьнан я Нохчийчоьнан куьйгалхой санна, Оьрсийчоьнан юкъаралло тергамехь кхобучех. Иза хьахош ца хеза цхьа наггахь бен. Ткъа шен меттехь лараво иза, ала вон хIума доцуш.

Шозза даржехь чIагIвеш, кху хене схьавеъначу Мамсуровна конституцино доьхку кхозлагIа а даржехь виса. Амма Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран бакъо ю шеггара иза хьакамаллехь вита.

Цундела ду хIинца хIираша Путине Мамсуров даржехь витар дехар а.

Баккъал а дуй-те къам оццул Мамсуровх бIаьрг буьзина? И хаттар дира Маршо Радионо ХIирийчуьрчу бакъоларъярхочуьнга Магкаев Руслане. Цунна иштта хета.

Магкаев: «Тешна а, цунна шена ца лаьа дIаваха. ХIунда аьлча, и санна йолу синекура хьан-хьанна а ма луур дац дIатаса. Ткъа кхеташ доцчу бахьанашца цунна иза лиича а, цуьнан тобано вохуьйтур вац иза дIа. Ма-хуьллу хьожур ю иза сацон.

Ткъа и тоба а яц хIуманна пайде. Цара мичахь болх бийр бу? Цундела жигаралла гIаттийна-кх. «Халкъан дехар», «кортабеттар». 600 юкъаралла яра Iедалан чоьтехь, ас теллича. Кхетар вац уьш стенна кхоьллина а. Кеп-кепара хила тарло юкъараллаш».

Кавказан политика шен тергонехь латтош Iилманча-политолог ву Гукемухов Мурад. Цунна а хета Мамсуров Таймураз халкъан цIарх евзаш йоцчу юкъараллаша юха а дарже вехар цхьа а маьIна а, я ницкъ а боцу хIума.

Гукемухов: «Нехан лаам буста цхьа а гIирс бац, хаа хала ду губернаторш мел сийлахь бу нахалахь. Изза ду Къилбаседа ХIирийчуьрчу Мамсуровх ала а. ХIунда? Яц йозуш йоцу хьостанаш. И тайпа бустамаш бац беш. Цундела цецволийла дац оцу дехарх. Кхиберш а бовла тарло и дехар деш, цхьа къанойн кхеташо, масала.

И санначу дехарша ца къастабо кхоллам, ях а ца йо, яц а ца йо губернаторна даржехь Iан хан, иза Центран карахь ду. Вуьту иза даржехь я дIавоккху, цунах дош тIаьххьара эриг Оьрсийчоьнан президент ву».

Мамсуров Путина кхозлагIа а даржехь чIагIван тарло. И хоьтуьйтуш ду ши шо хьалха, ша Путина Медведевгара дарж схьаоьцучу муьрехь хилларг.

Мамсуров Таймураз коьртехь а волуш, ХIирийчуьра юкъархой бара дуьххьара Путине Оьрсийчоьнан президентан дарже юхавагIахьара аьлла, официалехь дехар динарш.

И дехар юхьараэцна хьийзира хIетахь ерриг а Оьрсийчуьра Путинехьа йолу истеблишмент.

ХIинца Мамсуров даржехь витар хIираша дехар – иза церан гIиллакхера ламаст санна нисло.

2013-чу шарахь хIираша Путине президентан дарже юхавагIахьара аьлла дехча, болх бийриг Кремло дехарна бухайиллина харжамийн хIиллане технологи юйла кхетачу, вевзаш волчу оьрсийн сатирика Иртеньев Игора байт яьккхира.

Тардина цуьнан дешнаш гочдича, иштта дара маьIна.

Владимир Владимирович, тхан баьчча,

Вахалахь хьо тхуна тахна а, кхана а!

Хьо воцуш, хаалахь, тхо дIакхаьчний,

Синош тхан довлуш дуй чIана.

Ахь хьеххалц мачех чекх чимчарха даккхалац,

Я мерчу пIелг а ахь гайтталц тхоь Iотталац.

Хьо воцуш, галлелхаш лела ду тхуна,

Тхан дуьне Iаьржачу боданехь ду хьуна.

Нагахь хьо ахь реза вац алахь тхоьга,

Оха хьо ницкъаша валор ву дарже.

Ирсе зовкх хьан кога кIел оха хьоьгу,

Доцца ду тхан къамел, ларлолахь же!

«ХIан-хIа» тхоь аларх хьо ларлолахь, хIай!

Юха а бакъо яц реза вац баха хьан,

Доцца ду тхан къамел, тIаьххьара доьху хьоь,

ЛадоьгIу, хаам бе тхьамдаллах тхоь.

Шен гонна тешаме хиларца, цунна цкъа а вас цаярца билгалваьллачу Путин Владимира кховдон а тарло Мамсуровга юха а ХIирийчоьнна тIехь олалла дIакхехьа бакъо.

Ша хаттар актуале ду вайна а. 2017-чу шеран юьххьехь Кадыров Рамзанан Нохчийчоьнах куйгалла дан бакъо кхачош ю. Бакъду, хIираша Мамсуров кхин а цхьана ханна бен ца вехахь Путине, Кадыров хIинцале а воьху цуьнгарчу дарже даиманенна а. И лаам хазийнарг ву КадыровгIеран доьзална массарел а тешаме лоруш волу парламентан спикер Абдурахманов Дукхаваха.

XS
SM
MD
LG