ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIордан кеманаш лелар ду Флоридера Кубе


Кху тIаьхьарчу 50 сов шарахь дуьххьара Iамеркин Iедалша сацам бина некъахой дIасалело Цхьаьнатоьхначу Штаташна а, Кубана а юкъахь хIурдан кеманаш лелийта. Цунах лаьцна Шинарин дийнахь хаам бина Iамеркин газеташа. Associated Press агенталло бинчу хаамца, Флоридехь туп тоьхнау лаххара а 4 компанина Iамеркин финансийн министралло бакъо елла цу штатан портера Кубе хIорда кеманийн рейсаш ян.

Iамеркин а, Куба-пачхьалкхан а юкъаметтигаш тояла юьйлаелла стохка ГIура-баттахь цу шина пачхьалкхан президентийн цхьаьнакхетар хиллачул тIаьхьа. Iамерко дипломатийн уьйраш хедийнера Кубинца 50 шо хьалха, цу махкахь, Iедал а карчийна, куьйгалле Кастро Фиделан режим хIоьттича.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG